Warning: Undefined array key 0 in /var/www/tgoop/function.php on line 65

Warning: Trying to access array offset on value of type null in /var/www/tgoop/function.php on line 65
- Telegram Web
Telegram Web
This media is not supported in your browser
VIEW IN TELEGRAM
ЖАӀАРХОЙХА ЭХЬ ЦА ХЕТА ВАЙНА?

Немцой эскар юккъехь ара боьвла болу тӀемлой, марзонах дӀа къаьстина, шайна чӀагӀонаш йина цара, Къудс шахьар юха ерза яллалца, тхайн марзонаш дӀатосура ма ю оха аьлла. Царех цхьаберш, шайн бедаршеха а дӀа цӀан белла, эчига, тӀемлойн духар бен тӀе ца духуш. Бедарша тӀе йоьхна а, шайн дегӀан там ца беш, оццул чӀогӀа шайн марзонех дӀа къастийн Къудс шахьран са гат деш ара боьвла уьш.
И ЖаӀархойа, Къудс шахьран са гат деш шайн марзонех дӀа къастнера бохуш, хӀара могӀанаш доьшуш хенахь, ша ша цхьа хаттар кхолло вай, Палестинан са гат дин, бусулба нах буй тахана шайн марзонех дӀа къаьсташ?
Цу заманчохь ЖаӀархой шайн марзонах дӀа къаьстича, ца къаьстича бусулба нахан хила цунах цхьа а пайда бацара, йа зе дацар. Амма тахана, жуьгтишан процент луш, фирмишкар, компанишкар, ахьа хӀума ца эцча, бойкот ахьа лелича, жуьгтишна хуьлуш зе ду, хьан бусулба вежарий, хӀаллак беш, бойъуш болу, мостагӀчун хуьлуш зе ду-кх, тӀаккха цхьан, вайна юккъера цхьа нах, пепсех, сникерсех ца бовлокх.
Байкот лело, иман, доьнал, яхь йоцуш болу нахан, эхь хети теш, цу ЖаӀархойн, хӀар санна долу дийцар хезича, дешча?
Къудс шахьран, са гат дин, шайн марзонех къаьстанера и нах, царах цхьаболчара, шайна тӀера бедараш цхьана Ӏад йитнера.
Эчиг духар тӀе доьхна, догӀуш ло долуш, догӀуш догӀу долуш, цхьаболу махкахь тӀе хьоьжуш малха болуш, цу малхо доттуш долуш, схьабохуш баракх и нах. И дерриге Къудс шахьран са гат дар дара.
Ткъа вай, цу Къудс шахьран са гат дин, Палестинехь болу бусулба нахан са гат дин, пепси, сникерс ца йитло вайга?

©Ахьмад
https://www.tgoop.com/islamantariyh1
This media is not supported in your browser
VIEW IN TELEGRAM
АллахӀ дуьхьа ала соьга тӀаьххьара маца дина ахь сужудехь доӀа хьай вежаршна!?
Веза а, Сийлахь а волчу АллахIа Давуд Пайхамаре (IалайхIисаллам) аьлла: «ХIай Давуд! Суна букъ тоьхначарна хаа хьари, Со уьш юха берзаре мел чIогIа хьоьжу а, Сан царех къахетар моццула ду а, цара къинош дитаре Аса мел сатуьйсу а, Соьга шовкъе хилла лийра ма бара уьш, Со дукха везна церан хIуттаргаш дIас етIар ма яра. ХIай Давуд! ХIара бу хьуна Сан лаам Суна букъ тоьхнаболучеран хьокъехь берг, тIаккха муха хира бу Сан лаам Суна тIебирзина болучеран хьокъехь берг.»
Йа АллахӀ, Ахь суна Ӏамийначух пайда бе Ахь суна!
Йа АллахӀ, Ахь суна Ӏамийнарг къемат дийнахь суна гӀо дийра долуш хилийта Ахь, суна доьхьал долур долуш ма хилийта Ахь!
Вайна хаза кхаъ, инстаграм чуьр Вашо шена окх чохьа хьоста дина - https://www.tgoop.com/hheham , хьинцам аттаче дели хьар гӀуллакх, впн лето ца йез хьоррузаъ инстаграм чу волуш, вежри а йижри а пайде хуьлийл шун, дехар ду цхьажим нахан дӀакхачдеш гӀо дара, Дел рез хуьлийла.
...амма ял йоккха хир ю..
رَبَّنَا وَتَقَبَّلْ دُعَآءِ
Со жима волучу хенахь, Къуръан доьшучарах цхьамма, деш долу доӀ хезар суна, цу доӀо со вегавора:
«Йа АллахӀ, Хьан неӀар хьалха соьвцна тхо, тхай гӀуллакхаш, тхай хьаштонаш, тхай дехарш, Хьан неӀане вахьадихкина оха. Хьай къинхетаман уьйтӀар тхо ма лахкахьара Ахьа, Хьай Ӏуьналлех тхо ма дахахьара Ахьа.»

[«Хьо АллахӀ волун дела» жайничура]
This media is not supported in your browser
VIEW IN TELEGRAM
Коьрта бух бу хьуна, да-нана доьзал лардан гӀертар, шарӀан азкараш доьшуш, Пайхамаран доӀнаш деш.
Ткъа вуьшта аьлча, шарӀо билгал даьхна долу азкараш доьшуш, иштта Пайхамарера (соллаллохӀу ӀалайхӀи ва саллам) даьхкина долу ларвар доьхуш доӀнаш деш.
Баккъалла цунах берана болуш боккха пайда бу, доккха асар ду, боккха Ӏаткъам бу, и бахьан долуш и бераш лардеш ду, и доьшуш долу азкараш бахьан долуш и бераш бакъхьа кхуьу, вонаха-питнаха и бераш Ӏалаш до

https://youtu.be/0eDEW94rb3s?si=4b7lDPwViJAZJ0jw
Дени-Нанни тӀедиллина ду, шаьшшинна тӀаьхье ларйар дехар, и бераш дуьненчу довле хьалха дуьна! Бераш дуьненчу доьвлча, Дени-Нанни тӀехь ду царна азкараш доьшуш, доӀнаш доьшуш, бераш лардан бахьанаш лелор! Цул тӀаьхьа, и бераш кхетаче доьвлча, Дени-Нанни тӀехь ду царна азкараш дагахь Ӏамадар!
Къаьсттина Дас-Нанас шен берашна Ӏамо деза, хӀора денахь доьшуш долу азкараш, денна доьшуш долу азкараш, масала эра ду вай: Ӏуьйранна-суьйранна доьшуш долу азкараш, хӀусам чувохуш ала дезарг, хӀусам чура ара волуш ара дезарг, тӀе хӀума йухуш ала дезарг, яъхӀума йууш ала дезарг, иштта кхин долу азкараш а.
ТӀаккха, бера кхуьур ду хьуна, Сийлахь-Веза волу АллахӀ хьехоран тӀехь марзаделла долуш, массо а хенашкахь и Дела хьехош а долуш.
ТӀаккха оц беран хира ду хьуна, и бахьан долуш, оц беран могшалла а, вочунах иза лардийра ду, бохамашах и кӀелхьара дера ду, вонашах-зенашах и хьалха дера ду, шен массо гӀуллакхаш тӀехь беркат а хира ду цуна.
Дас-Нанас и бера дуьненчу дале дуьйна, бусулба дино де бохуш долу доӀнаш деш, деша дезаш долу азкараш доьшуш къахьегахь, царна беркат хира ду, церан бераш царна беркате хира ду, церан бераш вонаха кӀелхьара доьвра ду, церан бера массо а хенахьа беркате дехар ду хьуна.
Forwarded from العقلاء
Ахь «хила» аларца хила йиш йолуш дар-кх иза хlай сан Дела.. мел долу хlума доьхьала даларх бlаьрган негlар тохале и дерриге ниссдан ницкъ болуш вар-кх хьо хlай сан Дела..
Динна сагатдечар дийнахь 15 сахьтан саццаз къахьоьгуш болх бича, хьехам беш, гоч деш, хьоьхуш, дарс луш, даржоп, хаалуш беркате кхиамаш гучудевр дара, довла а довла.

Иштта болх бича х1ор баттахь цхьацца керла жайна зорбане дер дара.

Ткьа мута1еламийн дукхалла а, дикачу аг1ор юкъараллехь к1езиг хуьлучу хийцамна а ойла йан йог1у.

Динна кху заманахь жигара г1оьнчи оьшу, куьг каде накьости оьшу.

Питнаш сов дийлина, хетарш д1алаьцна кхетаман майданаш.

©Турпалан кӀант Фарукъ
Сан некъ толаман некъ бу,
Сан гӀулчийн лараш ю уьш,
Аьлла ду дӀа бахначара:
«Сой бен са махканна вац!»
Мел дукха лехь суна, беларах соьх, сан кхайкхамах кхардарах,
Валлалца вац соцура со!
Forwarded from Фарз Ӏайн...
Шен |алашо каро еза, цу |алашоне некъ билла беза, цу некъахул д|аваха веза.
Forwarded from سان تيبتار
Ӏилма - иза хьан даг чохь дерг дац!
Ӏилма - иза хьоьцин хьан каш чохь хира дерг ду!

*Ӏилма - иза хьан даг чохь дерг дац!
Бохучун маьӀан, хила тарло, хьуна дуккху а хӀума хууш, ткъа цунах хаамаш олу, ахьа еш Ӏамал йоцуш, ахьа пайда оьцуш, баржош боцуш, хаамаш хуьлу.

*Ӏилма - иза хьоьцин хьан каш чохь хира дерг ду!
Бохучун маьӀан, иза хьуна пайда баьлла болу Ӏилма ду, ткъа вуьшта аьлча, ахьа шеца Ӏамал йина Ӏилма ду, хьуна хьан каш чохь пайде хира долуш, хьуна ял хира йолуш, хьо Ӏазапех ларвийра волуш.

https://www.tgoop.com/san_tibtar
Forwarded from سان تيبتار
Ӏилма лаха ваха везарг хьо ву, и Ӏилма дац хьо волуче да дезаш!
2024/10/02 00:29:41
Back to Top
HTML Embed Code: