1650-гӏа хаттар: Ассаламу ӏалайкум. Масала: хьалха статьяш йиттина чубоьхкина вежарий бу, цул тӏаьхьа арабевлча, церан картанаш, историш бехйина, блок йина. Цхьайолу меттигашкахь карта ца хилча балха ца хӏоттало. ӏедало Украине тӏом бан гӏахь, карти тӏера лаьцна хилар дӏадойур ду олу, кхидӏа йолу новкъарлонех хьалхьавоккхур ву бохуш. Цунах долу хьал алахьара.
✅Жоп делларг: Нохчийн дешначу нехан кхеташо
✅Жоп делларг: Нохчийн дешначу нехан кхеташо
1652-гӏа хаттар: Ассаламу ӏалайкум. Шина хlусамненаца нийсо ян гlерта со, шишша де декъна ас, цаьршиннах цхьаъ шен ши де долуш, я оцу шина дийнахь цхьа де шен дисна а долуш шен ден цlа яхча шен лаамаца, цо ша яха мегар дарий аьлла дехарца, шен денош доцучу хенахь яха а йиш йолуш ю иза, юха и цlа еъча цунна и денош декха дезаш вуй со?
✅Жоп делларг: Нохчийн дешначу нехан кхеташо
✅Жоп делларг: Нохчийн дешначу нехан кхеташо
1654-гӏа хаттар: Ассаламу ӏалайкум. Тхан доьшучехь ахча а луш предметаш дӏакъовлу цхьаболчара. Иштта ахча делла дӏакъовлийта мегаш дуй? Тӏаккха доьшуш болчаьргара ахча схьа а оьцуш, хьехархочунна и дӏакховдош, шена тӏе а доккхуш, юкъарлонча болх бан мегаш дуй? И ахча хьарам-м ца хуьлу?
✅Жоп делларг: Нохчийн дешначу нехан кхеташо
✅Жоп делларг: Нохчийн дешначу нехан кхеташо
1657-гӏа хаттар: Ассаламу ӏалайкум. Сан цхьа доттагӀ ву. Хьалха чӀогӀа дин лелош вара иза. Амма тӀаьххьарчу масех шарахь ширк лело волавеллера иза, дин нийса хиларх шек ву ша боху цо, деккъа дика стаг хилча тоьур ду боху цо. Мел чӀогӀа гӀертарх, сан ницкъ ца кхочу иза тешийта, ас цуьнга хӀуа дийцича а, шен тешамехь чӀагӀвелла ву иза, ша шеко йоцуш кхин цкъа а хийцалур вац бохуш. Хаттар: ас хӀу дан деза, кхидӀа а цуьнга телефон тоха, цунна доӀа дан деза, я цуьнца зӀе латтор дӀа а тесна, иза Ӏаддавитина, кхин цунна доӀа ца деш Ӏен веза? ХӀунда аьлча цо гуш ширк до, ткъа Къуръан чохь аяташ ду мушрикех дӀа а къаьстина, цаьрца доттагӀалла лело дезаш цахилар. Иштта аяташ ду, муъма нахана а, пайхамаршна а, мунепакъашна а гечдар дехар нийса дац аьлла. ХӀун дан деза алахьара ахь, хӀунда аьлча, суна ца хаьа, цунна доӏа дан йиш юй.
✅Жоп делларг: Нохчийн дешначу нехан кхеташо
✅Жоп делларг: Нохчийн дешначу нехан кхеташо
1658-гӏа хаттар: Ассаламу ӏалайкум. Вай Нохчийчохь цхьацца берана пособи, безработни ахча, иштта кхийолу пачхьалкхан услугашна кехаташ чулуш зударий бу, цхьанна а организацин белхалой бац уьш, шайна цунах мах оьцуш, оц хӏуманах кхеташ волчуьнга хӏоранга а шега чудалалур долуш кехаташ ду уьш, шайн чохь ӏашшехь, сайт чухула. И нехан кехаташ чулуш уьш чудаларна цара луш долу ахча хьанал дуй?
✅Жоп делларг: Нохчийн дешначу нехан кхеташо
✅Жоп делларг: Нохчийн дешначу нехан кхеташо
1660-гӏа хаттар: Ассаламу ӏалайкум. Шина хlусамненах цхьаъ йолчехь волуш цомгуш хилла, тlаккха цигахь кlирнах саца везна, дlавахлург ца хилла и цамгар бахьана долуш, сан харжамца а, сан лаамца а хlума дац и, вукханхьа волуш и нисделлехь а саца везна хир вара со, дlавахалур а вацара товаллалц, юха и кlира вукханхьа декха дезий сан?
✅Жоп делларг: Нохчийн дешначу нехан кхеташо
✅Жоп делларг: Нохчийн дешначу нехан кхеташо
1663-гӏа хаттар: Ассаламу ӏалайкум. Къуръан валдберис чохь эца мегар ду аьлла жоп гинера суна кху чохь. Цу валдберис чохь чӏогӏа ларам боцуш лелош ду Къуръан, со ву цу чохь болх беш, суна-сайна гина и. Бусалба нахана карадаллалц, керста наха шайна ма-луу дӏасакхуьссуш ду и.
✅Жоп делларг: Нохчийн дешначу нехан кхеташо
✅Жоп делларг: Нохчийн дешначу нехан кхеташо