Telegram Web
lесалла бахьана долуш бен

Шайх Мухьаммад Хьасса́на (АллахIа Iалашвойла иза) боху:

«Ас АллахIца чIагIо ма йо шуна Элчанан минбар тIехь, латта тIе цхьа а бала буссуш ма бац и мел боккха я мел жима белахь а, цхьан адаманна тIебеана белахь а, я къомана тIебеана белахь а, я умматна тIебеана белахь а, цхьа а бала латта тIе ма ца буссу къинош а, Iесалла бахьана долуш бен! ХIай сан ваша, суна хаьа хьуна айса хIун дуьцу! Цхьаъ хилча цу хIуманан говзанчаша Iалам оьхаздахна бохуш дерг а цхьаьна, цкъа а бакъ дац иза, Iалам оьхаздахна олу! Кхузахь мохк бегор, дIогахь деъна ло, хIоккхехь Iе ца луш чIогIа шело, цигахь чIогIа йохъялар, хаамаш беш болчех цхьаболчара олу-кх, Iаламах хиттаделла долу хIара хIуманаш, Iалам оьхаздахарна ду, ма бакъ дац иза, цулла, бакъдерг дийций, алахьа иза Лекха-Сийлахь волу АллахI оьхазвахар ду!».
 
[Хьехам: А́са́руз-зуну́би вал-маIа́си́]
https://www.tgoop.com/Shayh_Muhammad_Hassan
Латта-букъ тIехь цхьа а са долу хIума юьсур яцара

Шайх Мухьаммад Хьасса́на (АллахIа Iалашвойла иза) боху:

«КаIбан Делаца дуй ма буу хьуна, АллахIа адам дIалоцуш делхьара церан (массо) къиношца, латта-букъ тIехь цхьа а са долу хIума юьсур ма яцара, (Дала боху) «Латта тIехь а, хIорд чохь а бохамаш гучубевлла-кх адамо лелорг бахьана долуш, шаьш лелочу цхьадолчух цаьрга чам баккхийтархьама, уьш шаьш лелочух юхабоьрзур бацара те аьлла» [Сурат: Ру́м, аят: 41], (кхин боху Дала) «Шуьга цхьа а бала кхочуш ма бац аша дина хIума бахьана долуш бен, дукхахдолчунна гечдо Цо». [Сурат: Шу́ра́, аят: 30] Лекха-Сийлахь волчо боху: «Иза (царна хилларг) цара динчу зуламна дуьхьала оха бина бекхам бу». [Сурат: АнIа́м, аят: 146]».
 
[Хьехам: А́са́руз-зуну́би вал-маIа́си́]
https://www.tgoop.com/Shayh_Muhammad_Hassan
Iаламан шен лаам бац

Шайх Мухьаммад Хьасса́на (АллахIа Iалашвойла иза) боху:

«Ма мотталахь Iаламан (природан) шен лаам бу, Iаламан цхьа а лаам бац хьуна, мелхо кхуллуш волчо кхоьллина ду хьуна иза, меттахдолуш дац хьуна иза Цуьнан омранца бен, догIан тIадам ма ца бужу, я хурманна, я дитта тIера гIа ма ца дужу, я кхузахь мохк ма ца бегабо, я дlогахь латта такха ма ца текха, керланашка ладухуш волчунна гина хир ду-кх, даханчу кIирнах тIетI-тIеттIа шина меттехь латта такхар, тIетI-тIеттIа шина меттехь латта текхна-кх цу латта тIехь наха деш долу къинош, лелош йолу Iесалла бахьана долуш!».
 
[Хьехам: А́са́руз-зуну́би вал-маIа́си́]
https://www.tgoop.com/Shayh_Muhammad_Hassan
Наха летош долу къинош

Шайх Мухьаммад Хьасса́на (АллахIа Iалашвойла иза) боху:

«ГIа охьа ма ца дужу, я догIан тIадам ма ца бужу, я ло ма ца догIу, я ша ма ца туху, я чIогIа шело ма ца йогIу, я Iе ца луш йох ма ца ло, я (базарахь) мехаш хьала ма ца довлу, я питанаш, баланаш ма ца даьржа, иштта кхарах тера мел дерг а (ма ца хуьлу) Лекха-Сийлахь волчун кхелаца бен, наха летош долу къинош, лелош йолу Iесалла бахьана долуш бен».
 
[Хьехам: А́са́руз-зуну́би вал-маIа́си́]
https://www.tgoop.com/Shayh_Muhammad_Hassan
Къинош бала бу

Шайх Мухьаммад Хьасса́на (АллахIа Iалашвойла иза) боху:

«Къинош бала бу-кх вайна дуьненахь, эхартахь, къаьмнашна а бала бу уьш дуьненахь, эхартахь, умматашна а бала бу уьш дуьненахь, эхартахь».
 
[Хьехам: А́са́руз-зуну́би вал-маIа́си́]
https://www.tgoop.com/Shayh_Muhammad_Hassan
МехIдин

Шайх Мухьаммад Хьасса́на (АллахIа Iалашвойла иза) боху:

«Ас хьехар до-кх вайн хьоме (вежаршка) а, вайн кегийрхошка а, вайн берашка а шаьш цхьана маьждиг чу дахча, имама Iуьйра ламазехь мехIдин деш хилахь, цуьнца мехIдин делаш, цкъа а мегар дац хьуна имам мехIдин деш ши куьг айбина волуш, хьайна уллехь (лаьтташ болу) вежрий а мехIдин деш куьйгаш айбина болуш, хьо ши куьг охьадахийтина, хьайн имаман а, хьайна уллехь болчу вежаршна а бIоставаьлла Iан, и (хIума леладар) суннатах дац хьуна, я динах а дац хьуна, нагахь ахь и (хIума леладар) суннат ду бахахь хьо гIалатваьлла хьуна... Вайн хьоме (вежарех) цхьаъ Ша́фиIис аьллачунна, я Ма́лика аьллачунна тIетевжина Iуьйра ламазехь цо мехIдин дахь цунна инкарло йийр яц хьуна, делахь, хьехар дийр ду цунна даимна и (мехIдин) дан оьшуш дац хьуна аьлла, хIунда аьлча, иза Пайхамара (саллаллахIу IалайхIи ва саллам) лелийна доцу дера, иштта суннатах ду хьуна (умматна) цхьа бала тIебеъча имама мехIдин дар, тIаьхьахIоьттинчунна мегар дац хьуна шен имамна бIоставала, Пайхамара (саллаллахIу IалайхIи ва саллама) аьлла дера: «Имам вина, шу цунна тIехь дазийта»...Имам Ахьмаде хаьттинера Iуьйра ламазехь мехIдин деш волчу имамна тIаьхьахIоьттина ламаз дарх лаьцна, имамца мехIдин дийр дуй аьлла, ахIлус-суннатан имама (Ахьмада) (Лекха волчу АллахIа къинхетам бойла цунах) жоп делира: «Дийр ду (мехIдин), цо доьхуш долчу диканна «амин» эр ду», - аьлла».
 
[Хьехам: Хьукмул-къуну́т фил-фажри иза́ къанатал-има́м]
https://www.tgoop.com/Shayh_Muhammad_Hassan
АллахIан некъах дIахьевзинарг

Шайх Мухьаммад Хьасса́на (АллахIа Iалашвойла иза) боху:

«АллахIан некъах дIахьевзина волчуьнгахь мел долу ниIмат дакъазалле а, халонга доьрзур долуш ду, тахана схьагуш иза бес-бесара ниIматашкахь велахь а».
 
[Хьехам: А́са́руз-зуну́би вал-маIа́си́]
https://www.tgoop.com/Shayh_Muhammad_Hassan
Дукха тIекI-тIекIал и къинош гуллой хIаллакьхуьлу иза

Шайх Мухьаммад Хьасса́на (АллахIа Iалашвойла иза) боху:

«Вайх цхьамма къа до-кх, ша волчехь, шена а, Лекха а, ЦIена а волчу шен Далла а бен ца хууш, цул тIаьхьа нахана гуш до цо иза, тIаккха ша динчу цу къинна шен дахарца, я шен хIусамца, я шен балхаца сихха шена бекхам ца хилча ша дина къа дицло цунна, цунна моьтту ша динарг АллахIна гергахь кIезиг хIума ду, цхьа а мах боцуш, иштта ца хилча-м, ша и къа дарна Лекха-Сийлахь волу АллахI оьгIазвахнехь-м ша и Iесалла, я къа дечу хенахь шена Iазап дина хир дара цо олий хета цунна, тIаккха цхьа къа дицдеш, кхидерг дицдеш, дукха тIекI-тIекIал и къинош гуллой хIаллакьхуьлу иза, АллахIе доьху-кх ас, со а, шу а юьхьIаьржа ца хIиттадар».
 
[Хьехам: А́са́руз-зуну́би вал-маIа́си́]
https://www.tgoop.com/Shayh_Muhammad_Hassan
Къа дицдар

Шайх Мухьаммад Хьасса́на (АллахIа Iалашвойла иза) боху:

«Дуьненан хIуманаш даьржинчу заманахь, ладогIалаш соьга, диц а ма делаш ас аьлларг, дуьненан хIуманаш даьржинчу заманахь Iесаллин а, къинойн а тIаьхьенаш йицъян доьлла вай, хийла стаге зер кхочу, я питана, я рицкъанца хало, я синтембацар, я хало, я дагехь бала, я хIуманна тIекхиар дIадалар, я дагчу кхерам буссу, цу кхераман хьал девзур доцуш иштта дерг шена хиллачунна бен, амма муьлхха бала кхачарх, я муьлхха зер кхачарх цкъа а ойла ца йо-кх цо, я цкъа а коьрте ца догIу цунна шен Iесаллин, къинойн ойла ян (уьш бахьана долуш ду хIара аьлла) ткъа шен къа дицдар-м соьга хаьттича Iесаллин, къинойн уггаре а кхераме йолу тIаьхьалонаш ю».
 
[Хьехам: А́са́руз-зуну́би вал-маIа́си́]
https://www.tgoop.com/Shayh_Muhammad_Hassan
АллахIа бала хIунда ца боссабо керста нахана тIе?

Шайх Мухьаммад Хьасса́на (АллахIа Iалашвойла иза) боху:

«ХIинца хьан коьрте беана болу цакхетам дIабоккхур бу ас, хIай лераме да, хIай дукхавеза кIант, хIинца хьан коьртачохь ойла ю-кх, собар-собар, хIай Шайх, нагахь иза иштта ахь ма-бохху делахь, Сийлахь-Тоьлла волчу АллахIа бала хIунда ца боссабо керста нахана тIе?! Хьо тхо бехкедеш ву, тхоьгахь йолу халонаш Iесалла а, къинош бахьана долуш ду бохуш, тIаккха хIун эр дара ахь, Iесалла-м юьйцур яцара вай, мелхо Лекха волчу Паччахьца керстаналла диначеран хьокъехь?! Цунна жоп, дукхавезаш волчу Пайхамара делла-кх, сахьихь долчу хьадисехь деана ма-хиллара, Ахьмада шен Муснад жайнахь а, и воцчо а дийцина долу, Iукъбат ибн Iа́мирера (АллахI реза хуьйла цунна) дийцина долу, Пайхамара (саллаллахIу IалайхIи ва саллам) аьлла: «АллахIа лена дезарг луш хьайна гича, иза къинош лелош волшехь, хьуна хоийла и лай Сийлахь-Тоьлла волчу АллахIа Iехош вуй». Шайна лаахь Лекха волчун дош ду-кх шуна, дешийша: «Шайна хьехар деш дерг цара дицдича...». ХIай Дела, хIун хир бу цунна бекхам? ХIун ду хьан некъ бицбиначарна хиндерг, хьан элчанаша деънарг дицдиначарна, Iеламнаха бохург дицдиначарна, хIун бу царна хинболу бекхам?! Латтанаш дегор ду?! Дац! Латтанаш текхар ду?! Дац! Хьайбан суьрте хуьйцур бу уьш?! Бац! Мелхо, царна хиндерг – «Цара шайга шеца хьехам бина хилларг (кхерам тесна хилларг) дицдича, Оха дIайиллира царна массо дикачу хIуманан неIарш (шайн къиношкахь уьш дуккха латтийтархьама)‚ уьш бакхийбуьйш болуш шайна деллачух‚ тIаккха цIеххьана схьалийцира Оха уьш – тIаккха цара догдиллира массо диканах. Хадийра ша зулам деш хиллачу халкъан тIаьхье. Хастам бу Iаламаш кхиош волчу Далла». [Сурат: АнIа́м, аят: 44-45] ХIинца дIабелин хьан цакхетам?!».
 
[Хьехам: А́са́руз-зуну́би вал-маIа́си́]
https://www.tgoop.com/Shayh_Muhammad_Hassan
Цкъа а ма мотталахь

Шайх Мухьаммад Хьасса́на (АллахIа Iалашвойла иза) боху:

«Шуна гуш долу (керста нахера ниIматаш) иза уьш Iехош ду, тIаккха а ас боху, айса хlун дуьйцу хууш ву со, Европа а цхьаьна ю-кх шен дахаран массо агIора халонашкахь, экономика агIора халонехь ю иза, тешамаллин агIора халонехь ю иза, сагатдар а, кхерам а, самукъа а, атто а, синан паргIато а, синтем а ца хаадаларан агIора халонехь ю иза, цхьа а къастам боцуш дуьненна тIехь мел долу халкъ ду-кх халонехь, билггал гуш ю-кх и хало, бакъонах халкъ генадалар бахьана долуш ду-кх иза, халкъо бакъо хьашар бахьана долуш ду-кх иза, Бакъ волчунна халкъо тIом кхайкхор бахьана долуш ду-кх иза, дийнахь, буса шаьш деш долчу къиношца а, лелош йолчу Iесаллица а, цкъа а ма мотталахь дуьненна тIехь цхьа а хIума хуьлуш ду хьикмат доцуш, я зуламца хуьлуш ду».
 
[Хьехам: А́са́руз-зуну́би вал-маIа́си́]
https://www.tgoop.com/Shayh_Muhammad_Hassan
Ма эхь ца хета-кх хьуна!

Шайх Мухьаммад Хьасса́на (АллахIа Iалашвойла иза) боху:

«ХIай дегI, айхьа къинош дечу хенахь Паччахьна (АллахIна) хьой гуш дац моьттуш делахь, хьуна моттахь Цунна хьой ца го аьлла, Сийлахь-Тоьлла волчуьнца ма доккха керстаналла ди-кх ахь.
Нагахь, айхьа Iесалла а, къинош а лелочу хенахь АллахIна хьой гой билггал хьуна хууш делахь, Сийлахь-Тоьлла волчух ма эхь ца хета-кх хьуна!».
 
[Хьехам: А́са́руз-зуну́би вал-маIа́си́]
https://www.tgoop.com/Shayh_Muhammad_Hassan
Ойла йича lадор дара дог

Шайх Мухьаммад Хьасса́на (АллахIа Iалашвойла иза) боху:

«Къинойн а, Iесаллин а уггаре а кхераме йолу тIаьхьло - цара дог хIаллакдеш хилар ю, Далла тIедоьдучера дог сацош хилар а ю, валлахIи, кху хIуманан ахь ойла йича Iадор ма дара хьан дог!».
 
[Хьехам: А́са́руз-зуну́би вал-маIа́си́]
https://www.tgoop.com/Shayh_Muhammad_Hassan
Хьо хьанна lеса хуьлуш ву хьажа

Шайх Мухьаммад Хьасса́на (АллахIа Iалашвойла иза) боху:

«Дечу къинан жималле ма хьажа хьо, мелхо хьо хьанна Iеса хуьлуш ву хьажа».
 
[Хьехам: А́са́руз-зуну́би вал-маIа́си́]
https://www.tgoop.com/Shayh_Muhammad_Hassan
Диц ма делахь!

Шайх Мухьаммад Хьасса́на (АллахIа Iалашвойла иза) боху:

«ХIокхуьнга ладоха соьгара, хIай суна дукхавезаш волу хьекъале верг, ахь хIара дешнаш дагахь Iаморе сатуьйсу ас: «Къайлаха АллахIна Iеса хилларг, АллахIа нахана юккъехь юьхьIаьржа хIоттор ву иза». Хьайн АллахIан дуьхьа диц ма делахь иза!».
 
[Хьехам: А́са́руз-зуну́би вал-маIа́си́]
https://www.tgoop.com/Shayh_Muhammad_Hassan
Iесалла - хьо сийсазваран бахьана ду

Шайх Мухьаммад Хьасса́на (АллахIа Iалашвойла иза) боху:

«Хьуна хаалахь, Iесалла - хьо сийсазваран бахьана ду хьуна, дуьххьара Далла хьалха хьо сийсазваран, цул тIаьхьа нахана хьалха хьо сийсазваран, хьуна хаалахь, АллахIа Ша сийсазвинарг цхьаммо цуьнан лерамбийр бац хьуна, уьш берриге цуьнан лерамбан гIоьртича а, Лекха-Сийлахь волчо аьлла-кх: «АллахIа сийсазвинчун лерамбан цхьа а вац»». [Сурат: Хьажж, аят: 18]
 
[Хьехам: А́са́руз-зуну́би вал-маIа́си́]
https://www.tgoop.com/Shayh_Muhammad_Hassan
Нуьре яххьаш

Шайх Мухьаммад Хьасса́на (АллахIа Iалашвойла иза) боху:

«Ткъа дегIехь болу ницкъ - деган ницкъанна а, Далла муьтIахь хиларна а тIера стом бу, ладоха Ибн Iабба́се: «Дика хIума дечун нур хуьлу юьхь тIехь». Хьайн АллахIан дуьхьа ала, сан ваша, стеган юьхь тIе хьежча алар нисло-кх хьан цуьнга: «Ма нуьре ю хьан юьхь». Iаьржа басехь хила а тарло хьуна иза, Iаьржа дилха долуш хила а тарло хьуна иза, тIаккха а ахь цуьнга олуш нисло-кх, нур ду-кх хьан юьхь тIехь, билггал хаа ду хьуна иштта верг буьйсанна Далла Iибадат деш хиллий, Дела хьехош хиллий, ламазехь хиллий, Iибадатехь хиллий, тасбихь деш хиллий, Далла воьлхуш хиллий, Далла хьалха сийсазваьлла хиллий, Далла хьаставелла хиллий, Iуьйра ламаз деш хиллий. Хьан юьхь гича олу-кх хьоьга: «ХIай сан ваша, хьан юьхь ма нуьре ю-кх». КаIбан Делора бакълуьш ма ву хьо, валлахIи хуьлу цуьнан юьхь нуьре, баккъалла нур ма хуьлу цунна тIехь, цо динчу Iибадатан беркатца, цу Iибадатан дозаллица, бакъ ду-кх иза, Ибн Iабба́са боху: «Дика хIума дечун нур хуьлу юьхь тIехь, даг тIехь нур хуьлу цуьнан, дегIехь ницкъ хуьлу цуьнан, рицкъангахь шорто хуьлу цуьнан, нахана дукхавезаш хуьлу иза»... Дика ду тIаккха, Шайх, дика нах цабезарш ма хуьлу (и хIун ду)?! Иза ца хила йиш яц, мунафикъ стагана муъмин стаг везаре цкъа а са ма тийса ахь... Мунафикъ нахана-м АллахIан Элча а ма ца везна, харцонан дайшна АллахIан Элча а ца везна».
 
[Хьехам: А́са́руз-зуну́би вал-маIа́си́]
https://www.tgoop.com/Shayh_Muhammad_Hassan
Сан Дала со сийсазвича, сайн лерам хьан баре хьоьжу со

Шайх Мухьаммад Хьасса́на (АллахIа Iалашвойла иза) боху:

«Сан къа, сан Iесалла бахьана долуш сан Дала со сийсазвича, сайн лерам хьан баре хьоьжу со?! Наха хьайн лерамбаре хьоьжу хьо?! Хьо Iехавелла ма ву тIаккха! ХIай наха хьайн лерамбаре хьоьжуш верг, Кхуллуш волчо хьо сийсазвиначул тIаьхьа, хьо Iехавелла ву хьуна! «АллахIа сийсазвинчунна лерамбан цхьа а вац». [Сурат: Хьажж, аят: 18] Цунах лууш дерг - шен Iесалла, шен къинош бахьанехь АллахIа сийсазвинчунна лерамбалур бац берриге нах вовшахкхетта цуьнан лерамбан гIортарх, мелхо, АллахIа хьайн берийн керахула сийсазвийр ву хьо, хьайн зудчун керахула сийсазвийр ву хьо, хьайн ницкъаца сийсазвийр ву хьо уггаре хьуна и ницкъ оьшучу меттехь... ХIунда аьлча, дог хIаллакхилла (къинош бахьана долуш), цуьнан лаам гIелбелла, Сийлахь-Тоьлла волчу шен Далла тIедоьдучера дIахаьдда иза».
 
[Хьехам: А́са́руз-зуну́би вал-маIа́си́]
https://www.tgoop.com/Shayh_Muhammad_Hassan
lеламнахаца охьахийша

Шайх Мухьаммад Хьасса́на (АллахIа Iалашвойла иза) боху:

«Лукъма́нул-Хьаки́ма аьлла шен кIанте: «ХIай сан жима кIант, Iеламнахана улле охьахийшалахь, АллахIа церан дешнашца дегнаш дендо хьуна, догIанца латта ма-дендарра»».
 
[Хьехам: А́са́руз-зуну́би вал-маIа́си́]
https://www.tgoop.com/Shayh_Muhammad_Hassan
2025/02/26 22:57:53
Back to Top
HTML Embed Code: