Telegram Web
Forwarded from Delan din
Media is too big
VIEW IN TELEGRAM
Хьалдолчарна боккха аьтто!
Forwarded from sʜɪsʜᴀɴ
ДоӀа дар - Ӏибадат ду. Хьуна ял а хуьлуш Ӏибадат ду иза, цундела доӀа алсам дан дезаш ду.

© Ӏадлан
Forwarded from Iилманан Нур
Media is too big
VIEW IN TELEGRAM
-Цхьа ша барамехь хьалаайбан мегар ду барз боху Ша́фиIийн мазхIабехь. Амма ца боху барз тахана вай санна лакхабаккха мегар ду!

Iадлан Харачо

YouTube 🟥
Please open Telegram to view this post
VIEW IN TELEGRAM
🔆Бухарийн жайничура 1989гlа хьадис...

​​Маймунатера, Дела реза хуьйла цунна, деъна: "Нах шек бойлера, lарафат дийнахь Пайхмаран марха ду ян дац аьлла, тlаккха ас шура яхьийтира цунна, lарафатехь и лаьтташ а волуш, цо шура мелира, нах цуьнга хьоьжуш а болуш".

🔆Кхузахь бусалбнехан нана йолчу Маймунас, Дела реза хуьйла цунна, лелошдолу хаза гlиллакхаш (марха ду Элчан, ян дац аьлла нахана юкъаьхь къовсам боьжча):

🔹 "Хьан марха дуй аьлла ша тlи ца яхара (хlусамда ву, мегаш ду суна аьлла);

🔸хьан марха дуй аьлла, цунна "дац" ала бахьана ца х1оттийра цо;

🔹йа схьавола бохуш бера тlидахийтина а новкъарло ца йира цо".

🔆 Чlогlа хьикмате хlума дира цо, массарна а жоп хирдолуш, массарна гура а долуш.

🔆Ибн lаббас вахийтира цо шура эцна, шега дlакховдийча, Пайхмара иза мелира, массеран а къовсам дlабелира.

🔆Ткъа шура яхьийтаран а шен хьикмат ду: кхин хlума а яхьийтина довхачу дийнахь цуьнан хьогалла кхин а чlагl ца ян, йа шена ца езаш дlaтеттина нехан харца кхетам ца кхоллабалийта, амма шен марха дацахь, оццул довхачу дийнахь шура цо мер юйла а хууш.

Дийцинарг: Адлана Харачо, Дала lалашвойла иза.
Бухарийн жайничура хьадисаш доьшучу 34гlа дарсехь: 3.06.20шо.
https://www.tgoop.com/yalsmanenek
Forwarded from Враги Иблиса
Media is too big
VIEW IN TELEGRAM
Ден-ненан цӀе яккхар - Ӏадлан
Forwarded from Delan din
АллахIа муьлхха а цхьа хьарам некъ бихкинехь, цу уллехь, шеко йоцуш, хьанал некъ хуьлуш бу. / Iадлан
Forwarded from Сийлахь долу |илма 🍃
This media is not supported in your browser
VIEW IN TELEGRAM
Аллах| дукх везарна пайда..
​​Абу Малийхьс шега элира боху абу Къилабата: Хьан деца со вахара lамрийн кlант lабдуЛлах волчу, цо дийцира тхуна:

"Делан Элчане, Делера салам-маршалла хуьлда цунна, цхьана наха дlахьиевинера со, цхьа де юкъаьхь а ца дуьтуш марханаш кхобуш ву аьлла", цултlаьхьа Делан Элча, Делера салам-маршалла хуьлда цунна, со волчу веара, аса цунна гlайба белира охьахаа, Делан Элча, лаьтта охьахиира, суний цунний юкъаьхьа биссира гlайба, цултlаьхьа цо элира:

"Хlора баттахь кхо де ца тоьу хьуна марха кхаба"?

Ас элира:"хlай Делан Элча" (и бохург дара-кхин а сов кхабало соьга)

Цо элира:"пхи де ца тоьу хьуна"?
Ас элира:"хlай Делан Элча"

Цо элира:"ворхl де"?
Ас элира:"хlай Делан Элча"?

Цо элира:"исс де"?
Ас элира:"хlай Делан Элча"?

Цо элира:"цхьайтта де тоийта хьайна".

Цултlаьхьа Пайхмара элира: "Давуд Пайхмаран марха тlехула кхин марха хила йиш яц, ах хеначохь кхобуш хилла цо, цхьана дийнахь марха кхаба, шоллогlчу дийнахьа марха даста".

Бухарийн жайничура 1980гlа хьадис

Вайга дийцина Адлана, Дала lалашвойла иза

Бухарийн жайничура хьадисаш доьшучу 27гlа дарсехь: 21.05.20 шо

​​Хlокху хьадисехь вайна билгаладолу вайн хаза гlиллакхаш:

🔆Хьаша веача лаккхахь хьаша охьахаош хилар;

🔆Шен эсалалла гойтуш хьаша берчи охьа ца хаар;

🔆Хьаша берчи охьа ца хиъча, лаахь ца лаахь хьалавала бохуш тlаьхьа ца валар, хlунда аьлча, шена атта долчу хиина хила а тарло хьаша.
Forwarded from Muvahhidun
This media is not supported in your browser
VIEW IN TELEGRAM
Сан дахар аттаче даьлча,
къахьло суна иза..
Forwarded from Сур
Media is too big
VIEW IN TELEGRAM
Хlора 1000 юкъара 999 стаг жоьжахате, 1 Ялсамане гlур ву. Ткъа цу 1000 юкъара 1 муьханиг хир ву вайх?

- lадлан
https://www.tgoop.com/sur_du
Forwarded from BISMILLAH_HEHAM
Нийсо йовзарх, билгал йаларх, ца тоьа хьуна, и нийсо йеза йезаш йу.

Iадлан Харачо

https://www.tgoop.com/yalsaman
Forwarded from Umm Anas
This media is not supported in your browser
VIEW IN TELEGRAM
Шайх Албани Мурджиит?
Шайх 1усман аль-Хамис.
Forwarded from Фарз Ӏайн...
This media is not supported in your browser
VIEW IN TELEGRAM
ШариӀат муха дӀахӀотто деза?

©Ӏадлан Харачо

https://www.tgoop.com/Responsibilitiess
Forwarded from Зератхо (Зератхо)
Аллахӏа Шен Сийлахь долчу Къуръан чохь боху: «Аллахӏе дехийша Цуьнан комаьршонах». Ткъа ахь ойла ехьа, Аллахӏа Ша жоп лург ца хилча хьоьга деха а хӏунда бохуш ду ¿ Хьоьга деха а бохуш, цул тӏаьхьа хьуна жоп ца луш, хьоьца ловзуш, бегаш беш ма вац Аллахӏ. Хьуна жоп далархьамма бен бохуш дац Аллахӏа Шега деха. Цундела Аллахӏе дехарна тӏехь ледарло еш ма хила, хьайна оьшуш долу муьлхха а хӏума деха. Жоп хьайна хирг хиларна тӏехь дог тешна а хила, шен тӏе хан ма-кхаьччина.

© Ӏадлан Харачо
Media is too big
VIEW IN TELEGRAM
كان رسولُ اللهِ صلَّى اللهُ عليه وسلَّم إذا بعَث سَريَّةً قال اغزُوا بِسمِ اللهِ وفي سبيلِ اللهِ فقاتِلوا مَن كفَر باللهِ لا تغُلُّوا ولا تغدِروا ولا تُمثِّلوا ولا تقتُلوا وليدًا ولا امرأةً ولا شيخًا.

Ша тIаме тоба хьажош АллахIан Элчано صلى الله عليه وسلم олара:

АллахIан цIарца, АллахIан некъа тIехь де гIазот, АллахIаца керисталла динчуьнца тIом бе, хIонсах хIума лачкъа ма йе, ямарт ма хила, декъий эрча ма даха, бера ма де, зуда ма йе, къано ма ве.

Хьадис.
Кху шарахь дуьххьара хьечаш дууш.
Forwarded from lакъидат
Нузур дар - Аллахlа тlедиллина доцуш долу lибадат ахь айхьа-хьайна тlедожор ду. И дар суннат а дац, деза а дац, амма ахь нузур динехь, тlаккха и кхочушдан дезаш ву хьо. Ткъа lеса хlуманца нузур динехь, и кхочушдан дезаш дац, и доха а дина, дуй бааран гlуда такха дезар ду. Дика хlуман тlехь дина нузур кхочушдан дезаш, тlедужуш ду.

lакъидат Академи
2024/09/27 21:13:27
Back to Top
HTML Embed Code: