Telegram Web
Ибн Къоййима (رحمه الله) аьлла:

«Хьагделлачу жlаьлина хи малийначунна Аллахlа гечдина хилчи, хьагвеллачу бусалбачу стагана хи деллачунна, мецаниг вузийначунна, верзинчунна тlе духар дуьйхинчуна геч муха дийра дац?!»

📚"Iуддату ас-собирийн 489"
Please open Telegram to view this post
VIEW IN TELEGRAM
Please open Telegram to view this post
VIEW IN TELEGRAM
Делан Элчано (Делера салам маршалла хуьлда цунна) аьлла:

«Шен дена а, нанна а луьш верг наьlалт хилла ву.»

Таккха цуьнга хаьттира асхьабаша:

«Хlай Делан Элча, стаг шен дена а, нанна а лен муха луьйра ву?»


Тlаккха Элчано
(Делера салам маршалла хуьлда цунна) элира:

«Стаг цхьаьннан дена лоь, тlаккха важа кхуьнан
дена лоь, иштта стаг цхьаьннан нанна лоь, тlаккха важа кхуьнан нанна лоь.»
Делан Элча ﷺ вара шена цхьамма цхьа дика гlуллакх дичи дуьхьала кхин а дикачуьнца бекхам беш.
Please open Telegram to view this post
VIEW IN TELEGRAM
Please open Telegram to view this post
VIEW IN TELEGRAM
«Iабдуллахl» цlе йолуш Пайхмаран () 220 асхьаб хилла.
Шайх lабдульгlоний ан-Набалусис аьлла:

«(Дас, нанас) Шен берашна йуккъехь нийсо цалелор хьарам ду, шаьшшинан цхьадолу бераш вукхарех схьакъестор берашна йуккъехь мостагlалла, хьагl, цабезам кхиош хlума ду, гергарлонаш хедадойтуш хlума ду.»
Iумар бин Хоттlоба (رضي الله عنه) цхьаъ даржера дlаваьккхина хилла, иза доьзалца шога вуй шена хиачи. Цо аьлла цуьнга: «Хьайн доьзалца къинхетаме воцу хьо, нахаца муххале хир вац.»
Аллахlан Элчано ﷺ аьлла:

«Аллахlах кхералахь, хьой миччахь велахь а. Хьайгара къа доьжча цунна тlаьххье дика болх а белахь, цо и къа дlадоккхур ду хьуна. Нахаца хаза гlиллакх долуш а хилалахь.»

📚 "Тирмизий (1987)"
Пайхмар ﷺ Тlоифе ваханчу хенахь цигарчу баккхийчара а, кегийчара а, массара а шайн ницкъ ма-кхоччу зен дира цунна.

Амма Пайхмара ﷺ йемал ца йира Тlоиф а, йа цигара бахархой а, и lад а йитина, кхин меттиг хаьржира.

Аллахlан Элчанехь ﷺ схьаэца хаза гlиллакхаш ду-кх вайна.

@Dika_1amal
Суфйан бин lуйайнас аьлла:

«Ткъа шо а кхачале Куфе веара со. Абу Хьанифата шен накъосташка элира: "lамр бин Дийнаран lилма дагахь хууш къонах веана шуна". Тlаккха нах тlе а оьхуш, хеттарш дан буьйлабелира соьга. Цундела сох lеламстаг винарг Абу Хьанифат ву.»

Сан бусалба ваша, стаг сутарвеш долу дош ма кхоаделахь, хьанна хаьа, хьан дош бахьана долуш цхьаъ бусалбачу нехан сийлахь стаг хилла дlахотта мега хьуна.

@Dika_1amal
Цкъа Софа лам тlе хьалайолуш, йуха Марва лам тlе хьалайолуш, Хlажар лелачу хенахь цуьнан сатийсам цхьа кхаба хиллал хи карор дацар - те аьлла бара, амма Аллахlа Зам-зам хи делира цунна, хlинца а схьадолучуьра сецна а доцуш долу.

Иштта Аллахlан паргlато йогlучу хенахь хьуна моьттачул алсам а, хаза а, томехь а йогlу.

@Dika_1amal
ضابط:
الشك بعد الصلاة في ركنٍ لا يؤثر وإن قصر الزمن إلا في: النية، وتكبيرة الإحرام.

Ламаз дина ваьллачул тlаьхьа, ламазан арканашкахь хьан кхоллайелла шеко тергалйеш йац.

Масала: делкъан ламаз дlадерзийначул тlаьхьа шеконе ваьллехь, кхо ракаlат дира-те ас йа диъ ракаlат дира-те аьлла, хьан ламаз нийса ду, йуха дан ца деза.

Амма хьан шеко нийатехь а, ламаз дlадехкаран такбирехь а кхоллайеллехь, ламаз йуха дан деза. Масала: нийат дира-те ас йа ца дира-те аьлла шеконе ваьллехь, ламаз йуха дийр ду.

@Dika_1amal
Ибн Абу lимрана дуьйцу:

«Сан да цхьана дийнахь а жайна дешар дитина гина вац суна. Иштта цхьана lийдан дийнахь тlевоьлла жайнаш доьшуш карийра суна иза. Ас элира цуьнга: «Хlай сан эла, тахана мукъана а са ца доlу ахь?!». Тlаккха оьгlазе схьа а хьаьжна, цо элира соьга: "Цкъа а хьо хьайн lалашоне кхочур ву моьттуш вац со. Йешар доцург садаlар хета хьуна?! Вайн Делора, йешаре кхочуш садаlар ма ца хета суна."»

@Dika_1amal
2025/01/12 08:48:58
Back to Top
HTML Embed Code: