Telegram Web
Такфир
<unknown>
853-гӏа хаттар: Ассаламу ӏалайкум. Дикка хан чохь схьадохьуш хlума ду ас хlара. Сан ваша нийса йоцу тобанах кхетта ву, со lаддаlийча а ца юьту цо, наггахь сан юьхь юьйхуш хlуманаш а дуьйцу, сох ца вешаш, сан кхетам нийса бац, со муржиахо ю олу цо, тlаккха динчуьра араяьлла олу, ас нах динчуьра арабойла бохуш яккхий цlерш ца йийхича, хlинца лан хала ду суна, дог лозу сан цунах, Аллахlе доlанаш а до ас цунна и нисвар доьхуш, ас муха хlун аьлча я хlун дича дика хира дара те ишттачу меттехь? Чӏогӏа холчухӀутту со и суна тlевирзича.

Жоп делларг: Нохчийн дешначу нехан кхеташо
👆👆👆👆👆     👆👆👆👆👆

ТӀедогӀуш гӀурбанан дезденош хиларе терра, цу дезденошкахь нахера дуьйлуш долу гӀалаташ довзуьйтуш яздина Шайх Вахьид Балин «50 хатӀаъ фил-Ӏидайни» цӀе йолу жайна доьшур ду вай, ткъа дарсе ла а доьгӀна, экзаменехь чекхваьллачунна жайна яздинчу Шайх Вахьид Балица зӀе хотталуш ижазат хир ю.

🖊🖊🖊🖊🖊🖊   🖊🖊🖊🖊🖊

Ӏарбийн маттахь жайна дӀадоьшуш, вайн маттахь маьӀна деш хир ду дарс.

Кху юкъахь дакъалаца йиш ю мутIелим волчуьнан а, воцчуьнан а, воккхачуьнан а, жимачуьнан а, стеган а, зудчуьнан а - массеран цхьатерра.

🕖Тахана цIера хенаца 12:00 даьлча хир ду дарс.

📝Экзамен хир ю, 50 сов балл яьккхиначунна ижазат а хир ю.

Эфирехь ладугӀуш, я чудиллиначу озе ладоьгӀначуьнан бен экзамен яла бакъо хир яц🚫

🔔Жайна дIадолор ду: 13.06.2024

💬Дарс кху канал чохь хир ду
https://www.tgoop.com/Shayh_Vahid_Baliy
Please open Telegram to view this post
VIEW IN TELEGRAM
массара а ладогlа , кхана ду lарафат де
Forwarded from Враги Иблиса
1344-гӀа Хаттар: Ассаламу Ӏалайкум. Мухьаммад-пайхамаран (саллаллахӀу ӀалайхӀи ва саллам) чоь ю бохуш гойтуш цхьа видео ю-кх, бакъ дуй и, хаьий шуна?

Жоп: ВаӀалайкумуссаламу варахьматуллахӀи ва баракатухӀ!
Бакъ дац, цхьа а бух болуш хӀуманаш дац.

https://www.tgoop.com/Vragi_iblisa
Forwarded from Враги Иблиса
1422-гӀа Хаттар: Ассаламу Ӏалайкум.
Пайхамаран (саллаллахӀу ӀалайхӀи ва саллам) йоӀа ФатӀымата дуьстина дуьххьара дол бохург бух болуш хӀума дуй?

Жоп: ВаӀалайкумуссаламу варахьматуллахӀи ва баракатухӀ!
Цхьа а бух болуш къамел дац, ФатӀыматна тӀе кхуллуш харцо ю.

https://www.tgoop.com/Vragi_iblisa
Forwarded from Враги Иблиса
1409-гӀа Хаттар: Ассаламу Ӏалайкум.
Пайхамаран (саллаллахӀу ӀалайхӀи ва саллам) хӀусамнанойх «уммул-муъминийн» - бусалба нехан наной аьлла хӀунда аьлла ду? И алар хӀун бахьана ду?

Жоп: ВаӀалайкумуссаламу варахьматуллахӀи ва баракатухӀ!
Уьш вайн наной хилар ду бахьана, Дала Къуръан чохь уьш вайн наной бу аьлла, цундела Пайхамаран (саллаллахӀу ӀалайхӀи ва саллам аьлла) муьлхха хӀусамнана - иза вайн нана лоруш ю, Пайхамаран (саллаллахӀу ӀалайхӀи ва саллам) хӀусамнанна хӀума олуш верг хьо винчу нанна хӀума аьлча санна хьайн мостагӀ лаца а везаш ахь.

https://www.tgoop.com/Vragi_iblisa
Forwarded from Враги Иблиса
Media is too big
VIEW IN TELEGRAM
Пайхамар вина де даздар мичара схьадаьлла ду?

Youtube чуьра ссылка
Forwarded from Враги Иблиса
1344-гӀа Хаттар: Ассаламу Ӏалайкум. Мухьаммад-пайхамаран (саллаллахӀу ӀалайхӀи ва саллам) чоь ю бохуш гойтуш цхьа видео ю-кх, бакъ дуй и, хаьий шуна?

Жоп: ВаӀалайкумуссаламу варахьматуллахӀи ва баракатухӀ!
Бакъ дац, цхьа а бух болуш хӀуманаш дац.

https://www.tgoop.com/Vragi_iblisa
Сайна дика хеташ йолу, ас йоьшуш а, пайда оьцуш а йолу каналаш йовзийтий шуна 🔥

https://www.tgoop.com/addlist/w5d7fN9Gcv8xMzBi

👆хlара тlетаlийча массарна цхьаьна тlеяздалалур ду шу
Please open Telegram to view this post
VIEW IN TELEGRAM
Forwarded from Враги Иблиса
1437-гӀа Хаттар: Ассаламу Ӏалайкум.
Вайн Элчанна (саллаллахӀу ӀалайхӀи ва саллам) буьйсанна эзар салават диллар деза ду боху, бакъ дуй и?

Жоп: ВаӀалайкумуссаламу варахьматуллахӀи ва баракатухӀ!
Мичча хенахь, хьайна луучу хенахь, хьайна луучул дилла мегаш ду, иза деза ду, масала, хьайна барам хӀотто а мегар ду, хӀора буьйсанна 1000 дуьллур ду ас аьлла, дукха дика хир ду, иштта ас санна лелор суннат ду ца баьхчхьана ша шена лелор мегар ду. Амма цхьа буьйса къаста а йина, цу буьйсанна хӀоккхул диллича деза ду я суннат ду бахахь, тӀаккха бидӀат хир ду, иштта мегар дац.

https://www.tgoop.com/Vragi_iblisa
2024/11/20 07:24:43
Back to Top
HTML Embed Code: