Telegram Web
Лаьттан хазалла ю lеламнах, стигалан хазалла седарчий ма-хиллара!
Бусалба нехан ка даьлча, толаман серло схьакъада йола йелча доллу уммат кхаъ хуьли Деле доьрза толам кхочашбар доьхаш, шайн вежаршна доIа дар, керланаш лардар бен кхин церан болх цахуьла.
Амма, цхьа ши тоба цу сохьтехь умматаца цахуьла, мухлеа шайн вежарийн сакхташ лехьор бен церан кхин гIайгIа цахуьла, и ши тоба : Такфиран тоба а, мадхалийн тоба а ю.

Дала нисдойла шу коьртеш ма эрча ю-кх шун амалаш.


🤎🤎🤎🤎🤎 🤎🤎 🤎🤎🤎🤎


Хlара керла хьоста лерина ю цхьана хазачу, Дала мукъ лахь, пайдечу гlуллакхна!

Вай цхьаьна хlора денна цхьацца динах пайде хlума ватсап чуьра статусе хlоттош, яржор ю!

Нийсса цхьаъ бен хир яц чухlотто езарг, де чекхдалале муьлхха а хенахь чуваьлла схьаэцча йолуш!

Нагахь хьо велахь, дийнахь цхьа минот хан яйина, АллахIан динна гlо дан реза, марша вогlийла!

Хlара агlо яржош дакъа мел лаьцначунна - наха кху чуьра мел яржочух ял хир ю, Дала мукъ лахь!

https://www.tgoop.com/horadiynah
Please open Telegram to view this post
VIEW IN TELEGRAM
Forwarded from Враги Иблиса
1508-гӀа Хаттар: Ассаламу Ӏалайкум.
Джалалуддин ас-СуютӀый мила ву? Цуьнан жайнаш деша мегар дуй?

Жоп: ВаӀалайкумуссаламу варахьматуллахӀи ва баракатухӀ!
Баккхийчу Ӏеламнахах ву, баккхийчу имамех хилла ву, 500 сов жайна яздина цо, цуьнан жайнаш деша мегар ду, Ӏакъидат дерг ца дешчхьана, Ӏакъидат ашӀарийн хилла цуьнан.

https://www.tgoop.com/Vragi_iblisa
Forwarded from Враги Иблиса
1212-гӀа Хаттар: Ассаламу Ӏалайкум.
Ибн Таймиййат дин галдаккха гӀиртина бохург бакъ дуй?

Жоп: ВаӀалайкумуссаламу варахьматуллахӀи ва баракатухӀ!
И къамел деш верг ву-кх, шена хууш я ца хууш дин галдоккхуш верг!

https://www.tgoop.com/Vragi_iblisa
Forwarded from lадлан Харачо
Вайна дукхавезаш волу Шайх Бадр Мишарий араваьлла СаӀудийн набахтера.

АллахӀа маьрша бохийла бисина болу вайн берриге Ӏеламнах а, массо бусалба а!
✈️Ӏадлан Харачо
Please open Telegram to view this post
VIEW IN TELEGRAM
Умматан юккъехь лелачу хьолех вай мел олу дош шайн Iилманца а, умматан насийхьат дарца а гIарбоьвллачу Iеламнахана тIетоьвжана ду, цхьана мутIаIелама бакъо яц шеггара дош ала умматан юккъерачу гIуллакхах лаьцна, ткъа Iеламнаха муьлхха хьола хадочу механа реза воцург, я Iеламнехан ойла тергала цайириг Iилман охIла вац, я Iилманца цуьнан цхьа гергарло а дац!
Тахана даIватан майданахь мутIаIеламаш жим-жима совбовлаш бу - Дала кхин а совбохийла уьш-, мутIаIелам иза Iеламстаг вац, цуьнан декхар ша Iеламнахера схьаэцнарг нахана дIадалар ду! нагахь Iеламнахана тIехвуьйлаш, церан ойла тергала цайеш умматан юккъерачу белхийн мах хедош и велахь хаа ду хьуна иза тиларан охIла вуй, цо мел дукха жайнин могIанаш дагара дахь а тиларан охIла ву и!
Муьлхха стега бакъо ю я декхар ду муьлхха мутIаIелиме хатта : хIинца ахьа дуьйцарг муьлха Iеламстагера схьаэцна ахь?-аьлла.
Нагахь вийца Iеламстаг вацахь хьй Дин, кхетам цу стагах тешадай ма Iелахь!
АллахI Дала маршалла дойла Шайх Хьувайнина! Марха кхобучуьнан дийнахь жоп луш цхьа доlа ду, шена луург деха йиш йолуш! Сан дехар ду шуьга, Шайх Хьувайний шайн доlанашкахь виц ца вар!
Шайх Хьувайний, АллахIа къинхетам бойла цунах, дlаваьлла.

АллахIа гечдойла цунна.
Шен накъостий дIа а бевлла, ша цхьаъ висар дакъазалла ю. Амма Iеламнах дIабовлар - уггар баккхийчу бохамах ду.
Iеламстаг ша цхьаъ висар, иза инзаре боккха бохам бу, Iеламстагана бен хуур а доцуш.

Тахана вайгахь болу сингаттам боккха а, чолхе а сингаттам бу. Цхьана балана тIаьхьа богIуш кхин бала бу, ткъа хьалха хиллачеран новкъахь болу Iеламнах, (дийнна махкахь) цхьацца бен хуьлуш вац.

Шайх Абу Исхьакъ Ал-Хьувайний (АллахIа къинхетам бойла цунах)
Media is too big
VIEW IN TELEGRAM
Шайх Мухьаммад Хьасанан дарс доьдуш а долуш хаам би, Шайх Абу Исхьакъ ал-Хьувайний кхелхина аьлла
Шайх Абу Исхьакъ аль-Хьувайний дӏакхелхина, хьадисан бере говрара охьавоьсси, ӏилманан а, кхайкхаман а уггар къегинчу седарчех цхьа седа дӏабай.

Оццул кест-кеста бакъдерг кхайкхош хиллачу озан долахо, малхбалехь а, малхбузехь а шена дукхабезачийн дегнаш (шех) дӏаийна волу стаг дӏавели.

Нахана Пайхамаре (саллаллахӏу ӏалайхӏи ва саллам) болу безам муха гайта беза, цуьнан Суннатна тӏаьхьавазарца а, и лардарца а ӏамийна волу Шайх дӏаваха.
Шен дахар а, къинхьегам а  дӏабелла цо сийлахьчу хьадисана гӏуллакх дарна,  диканан цхьа а неӏ ца йуьтуш, ша гайтина йоцуш, ша кхетийна йоцуш цхьа а шеко а ца йуьтуш.
Иза дӏавахана, амма цуьнан ларш хӏора а маьждиг чохь а, хӏора минбар тӏехь а, хӏора хӏусамехь а йисна. Масане кегийрхошна некъ карийна цуьнан дешнаш бахьана долуш, масане къинош летийнарш Аллахӏе бирзина цо дагадаийтар бахьана долуш, масане тиллачу нахана цуьнан къамелашкахь шайн бакъонна тӏе боьду некъ серлабоккхуш нур карийна.

Цуьнан дерриг а дахар беркате зӏе йара ӏилманан, кхайкхаман, зерашна дуьхьала собаран, бакъонан новкъахь чӏагӏвелла хиларан а.

Аллахӏа къинхетам бойла хьох, хӏай тхан сий долу Шайх, пайхамаршца а, бакълуьйчарца а, шахӏидашца а, дикачу нахаца а цхьаьна Йалсаманин лаккхарчу тӏегӏанашка хӏоттавойла хьо. Ма исбаьхьа некъахой бу уьш!

Баккъалла а, тхо хьох дӀакъастарна гӀайгӀане ду, хӀай тхан Шайх, баккъалла а, вай АллахӀан ду, Цуьнга дӏадоьрзур долуш а ду.

Мустафа Шаркави
Шайх Абу Исхьакъ ал-Хьувайний кхелхина, Ӏеламстаг кхалхар -  умматан тезет ду. АллахӀа декъала войла и, АллахӀа ялсаманица бекхам бойла цунна!

Нохчийн дешначу нехан кхеташо.
2025/07/13 12:46:09
Back to Top
HTML Embed Code: