Telegram Web
Forwarded from lадлан Харачо
Вайна дукхавезаш волу Шайх Бадр Мишарий араваьлла СаӀудийн набахтера.

АллахӀа маьрша бохийла бисина болу вайн берриге Ӏеламнах а, массо бусалба а!
✈️Ӏадлан Харачо
Please open Telegram to view this post
VIEW IN TELEGRAM
Умматан юккъехь лелачу хьолех вай мел олу дош шайн Iилманца а, умматан насийхьат дарца а гIарбоьвллачу Iеламнахана тIетоьвжана ду, цхьана мутIаIелама бакъо яц шеггара дош ала умматан юккъерачу гIуллакхах лаьцна, ткъа Iеламнаха муьлхха хьола хадочу механа реза воцург, я Iеламнехан ойла тергала цайириг Iилман охIла вац, я Iилманца цуьнан цхьа гергарло а дац!
Тахана даIватан майданахь мутIаIеламаш жим-жима совбовлаш бу - Дала кхин а совбохийла уьш-, мутIаIелам иза Iеламстаг вац, цуьнан декхар ша Iеламнахера схьаэцнарг нахана дIадалар ду! нагахь Iеламнахана тIехвуьйлаш, церан ойла тергала цайеш умматан юккъерачу белхийн мах хедош и велахь хаа ду хьуна иза тиларан охIла вуй, цо мел дукха жайнин могIанаш дагара дахь а тиларан охIла ву и!
Муьлхха стега бакъо ю я декхар ду муьлхха мутIаIелиме хатта : хIинца ахьа дуьйцарг муьлха Iеламстагера схьаэцна ахь?-аьлла.
Нагахь вийца Iеламстаг вацахь хьй Дин, кхетам цу стагах тешадай ма Iелахь!
АллахI Дала маршалла дойла Шайх Хьувайнина! Марха кхобучуьнан дийнахь жоп луш цхьа доlа ду, шена луург деха йиш йолуш! Сан дехар ду шуьга, Шайх Хьувайний шайн доlанашкахь виц ца вар!
Шайх Хьувайний, АллахIа къинхетам бойла цунах, дlаваьлла.

АллахIа гечдойла цунна.
Шен накъостий дIа а бевлла, ша цхьаъ висар дакъазалла ю. Амма Iеламнах дIабовлар - уггар баккхийчу бохамах ду.
Iеламстаг ша цхьаъ висар, иза инзаре боккха бохам бу, Iеламстагана бен хуур а доцуш.

Тахана вайгахь болу сингаттам боккха а, чолхе а сингаттам бу. Цхьана балана тIаьхьа богIуш кхин бала бу, ткъа хьалха хиллачеран новкъахь болу Iеламнах, (дийнна махкахь) цхьацца бен хуьлуш вац.

Шайх Абу Исхьакъ Ал-Хьувайний (АллахIа къинхетам бойла цунах)
Media is too big
VIEW IN TELEGRAM
Шайх Мухьаммад Хьасанан дарс доьдуш а долуш хаам би, Шайх Абу Исхьакъ ал-Хьувайний кхелхина аьлла
Шайх Абу Исхьакъ аль-Хьувайний дӏакхелхина, хьадисан бере говрара охьавоьсси, ӏилманан а, кхайкхаман а уггар къегинчу седарчех цхьа седа дӏабай.

Оццул кест-кеста бакъдерг кхайкхош хиллачу озан долахо, малхбалехь а, малхбузехь а шена дукхабезачийн дегнаш (шех) дӏаийна волу стаг дӏавели.

Нахана Пайхамаре (саллаллахӏу ӏалайхӏи ва саллам) болу безам муха гайта беза, цуьнан Суннатна тӏаьхьавазарца а, и лардарца а ӏамийна волу Шайх дӏаваха.
Шен дахар а, къинхьегам а  дӏабелла цо сийлахьчу хьадисана гӏуллакх дарна,  диканан цхьа а неӏ ца йуьтуш, ша гайтина йоцуш, ша кхетийна йоцуш цхьа а шеко а ца йуьтуш.
Иза дӏавахана, амма цуьнан ларш хӏора а маьждиг чохь а, хӏора минбар тӏехь а, хӏора хӏусамехь а йисна. Масане кегийрхошна некъ карийна цуьнан дешнаш бахьана долуш, масане къинош летийнарш Аллахӏе бирзина цо дагадаийтар бахьана долуш, масане тиллачу нахана цуьнан къамелашкахь шайн бакъонна тӏе боьду некъ серлабоккхуш нур карийна.

Цуьнан дерриг а дахар беркате зӏе йара ӏилманан, кхайкхаман, зерашна дуьхьала собаран, бакъонан новкъахь чӏагӏвелла хиларан а.

Аллахӏа къинхетам бойла хьох, хӏай тхан сий долу Шайх, пайхамаршца а, бакълуьйчарца а, шахӏидашца а, дикачу нахаца а цхьаьна Йалсаманин лаккхарчу тӏегӏанашка хӏоттавойла хьо. Ма исбаьхьа некъахой бу уьш!

Баккъалла а, тхо хьох дӀакъастарна гӀайгӀане ду, хӀай тхан Шайх, баккъалла а, вай АллахӀан ду, Цуьнга дӏадоьрзур долуш а ду.

Мустафа Шаркави
Шайх Абу Исхьакъ ал-Хьувайний кхелхина, Ӏеламстаг кхалхар -  умматан тезет ду. АллахӀа декъала войла и, АллахӀа ялсаманица бекхам бойла цунна!

Нохчийн дешначу нехан кхеташо.
Forwarded from lадлан Харачо
This media is not supported in your browser
VIEW IN TELEGRAM
Шайх Мухьаммад Хьусайн ЯӀкъуб!
АзхIарера дешархочо яздина, ша Шайх Хьувайний цавезаш вара, цхьана дийнахь шайн цигара цхьана хьехархочуьнца цунах лаьцна къамел динера ша, цул тIаьхьа цIа а веана, дIавижча, шена гира гIенах Шайх Хьувайний машенахь воьдуш, улле хиъна Пайхамар а волуш (саллаллахIу IалайхIи ва саллам)! Кхин цкъа а цуьнан хьокъехь вон къамел ца дира ша боху!
1750-гӏа хаттар: Ассаламу ӏалайкум. Вайна хезаш цхьацца хӀуманаш ду, Шайх Абу Исхьакъ Хьувайнин цӀарах, Дела реза хуьйла цунна, иза ихван хилла, кхечара хавариж, иштта тайп-тайпана цӀерш, ткъа ахь ма дийца хьайна цахуург аьлча, баккхий болчу Ӏеламнаха боху и олий цхьацца видеош гойту, СаӀудера Ӏеламнехан, иштта Ӏеламнаха юкъахь олуш ду-те, ладогӀа мегар дац, галваьлла иза олий, я цуьнан гӀалат билгалдо-те? Дуккха а наха шайгахь доцу Ӏилманца цӀерш тоьхку Ӏеламнахана, иза царна лер хуьлий тӀаккха?

Жоп делларг: Нохчийн дешначу нехан кхеташо
2025/07/08 00:12:29
Back to Top
HTML Embed Code: