Warning: Undefined array key 0 in /var/www/tgoop/function.php on line 65

Warning: Trying to access array offset on value of type null in /var/www/tgoop/function.php on line 65
- Telegram Web
Telegram Web
3. مختصر أخلاق حملة القرآن
«Къуръан хууш болчу неха гӀиллакхаш»

- Жайна яздинарг: Имам ал-Ажурри
(АллахӀа къинхетам бойла цунах)
- Жайна хьоьхург: Шайх Фарукъ
(АллахӀа Ӏалашвойла иза)

https://www.tgoop.com/san_tibtar
ХӀара дарс къаьсттина чӀогӀа мехала ду, баккъалла чӀогӀа адам ойлане дуьгуш.
Еша мало ма йе, хӀара къамел, хӀара гӀиллакхаш, хӀора а бусулба стагехь хила дезарш ду, ткъа уггаре хьалха, оц Къуръанац шен дахар хӀоттийначугахь хила дезаш ду!
Оц Къуръан чура цхьа элп бен цуна ца хаахь а!

https://www.tgoop.com/san_tibtar
ХӀара цхьа дарс чу дуьллуш, дерриге дарс схьаяздар нис дели вай, цхьа масех, ткъа билгал, йиъ минот йоцург, цхьа а юккъера даккха йиш йолуш хӀума цу юккъехь ца хиларан!
АллохӀу Акбар, и яздеш йаьллачу хенан ойла йича, кхетакх, и дешначун а хан цаьлла хира ю, чӀогӀа къахьега дезаш хӀума ду жайна хьехар а, иза гочдар а!

Сийлахьчу Ӏалашоне, аттачу некъашца ца кхочу!

https://www.tgoop.com/san_tibtar
This media is not supported in your browser
VIEW IN TELEGRAM
سان تيبتار
Photo
1-ра
2-гӀа
3-гӀа
)))
Ӏали ибн абу ТӀолиба аьлла: «Нагахь санна хьан вахар кху дуьненчохь дах лахь, Къуръан кхаъ тайпа наха доьшуш хира ду хьуна, хьалхарниш - и Къуръан Сийлахь-Везачу АллахӀан дуьхьа доьшуш берш хира бу хьуна, шологӀниш - и Къуръан дуьненан дуьхьа доьшуш берш хира бу хьуна, кхоалгӀаниш - и Къуръан къийсаман дуьхьа доьшуш берш хира бу хьуна. Ша лехна долу хӀуман тӀекхочур ву хӀора а»
This media is not supported in your browser
VIEW IN TELEGRAM
Хьо Къуръан доьшуш мел ву (йаӀне оц Къуръанац Ӏамал еш мел ву) Сийлахь-Везачу АллахӀа хьуна муьлххачу а хӀумангахь гӀо дийра ду, халонашна кӀелхьарвалар лур ду, хьуна Шен дуккху а ниӀмачан неӀарш а дӀайоьллура ю!

https://www.tgoop.com/san_tibtar
Ахьа Къуръанац долийна де а, ахьа Къуръанац ца долийна де а, дусталахь и ши де!

Хьуна гур ма ду, Къуръан дешначу денахь хьайна хенаца даьлла беркат, ткъа Къуръан ца дешначу денахь, хьуна гур ма ду, хьай хенаца дайна беркат!

ВаллахӀи, хьай Къуръанац долуш долу де, гӀолехь ма ду, хьай Къуръан ца доьшуш долош долу деналла а!

Къуръан дешарац хьан доладеллачу денахь хьуна карор ма ду ирса а, синтем а, пайда а, беркат а, ткъа Къуръан ца доьшуш хьан доладеллачу денахь хьуна карор ма ду, гӀайгӀа а, бала а!

Цундела Къуръанах тасло, кхин цӀа а и дӀахоьцура доцуш!

https://www.tgoop.com/san_tibtar
Мел боккха гӀайгӀа бала хьоьгахь хиларах, Къуръан дешаро дӀаоьцуш бу хьуна иза!

https://www.tgoop.com/san_tibtar
Мел чӀогӀа дог Ӏовжа дарах, Къуръан дешаро паргӀат доккхуш ду хьуна иза!

https://www.tgoop.com/san_tibtar
This media is not supported in your browser
VIEW IN TELEGRAM
Уггаре хьалха хьехархочур, йаӀне дин хьоьхушчун, цул тӀаьхьа хӀоранна а, хаьа дезаш цхьа хӀума ду.

Масалан аьлча, хьан дешархочо йоьшучу хенахь гӀалат даьккхинехь, ахьа дан дезарг, иза хьоллехь нис вар дац, мелхо и Ӏадда витина, "хьажал, ахьа дешнарг юху дешал, нийса дешна аьлла хети хьуна айхьа?!" олуш, цунца къамел дан деза, иза ша тӀаьхьа кхиийта веза шен гӀалатан.

Хьан дешархочо гӀалат даьккхинехь, иза ахьа хьоллехь нис а винехь, тарло хьуна иза шен гӀалатех ца кхеташ, йа кхетчи а, цо тидам ца беш тӀех далийта, ахьа нис даран, юху а изза гӀалат деш.
Цундела дешархочо гӀалат даьккхинехь, цунга цуна гӀалат билгал ма даккха, муххале цунга шега ойла йайта, цунга шега хатта, "нийса ешний теш ахьа?! Хьажал юху ешал, хӀун ду цигахь?!" иштта кху тайпа хеттарш деш.

https://www.tgoop.com/san_tibtar
This media is not supported in your browser
VIEW IN TELEGRAM
Муьлхха а Ӏилманах хьо кхета лууш валахь, йаӀне Ӏилма Ӏамо лууш валахь, уггаре хьалха, Къуръан дагахь Ӏамдар тӀера воло!

Къуръан - муьлхха а Ӏилман бух бу!

https://www.tgoop.com/san_tibtar
This media is not supported in your browser
VIEW IN TELEGRAM
Хенац беркат хуьлуш дацахь - Къуръан дешар сов даккха, Къуръанац долу гергарло чӀагӀ де!
Салафшах цхьама деш хиллакх:  хенац шен беркат ца хилича, хӀора денахь доьшуш долу Къуръанан вирдан, масала хӀора денахь цхьа джуз, йа ши джуз доьшуш цо хиллехь, и барам сов боккхуш хилла цо, доьшуш долу Къуръан алсам доьшуш хилла.
Вай хьекъалац дуьстича, хан ца тоьучо, хӀора денахь пхи джуз доьшуш далахь, диъ джуз тӀе вахьадоккхах, ткъа кхузахь хьала доккху, сов доккху.
Пхи джуз дешча суна хан ца тоьъ оле, йалх джуз доьшакх цо, ткъа вай хӀун до, суна пхи джуз деша хан ца тоьъ але, диъ джуз доьша вай, иза вай кхетам ца хиларах доьзна ду.

И хан хьуна тоа, хьуна цигахь оьшуш дерг сахьташ дукха хилар дац, хьуна цигахь оьшуш дерг беркат хилар ду!

Ткъа и беркат, хьан Къуръанац долу гергарло сов мел долу, хенац хуьлуш долу беркат сов долу,
Ткъа цу Къуръанац долу гергарло лах мел ло, хенац хуьлуш долу беркат лах ло!

https://www.tgoop.com/san_tibtar
This media is not supported in your browser
VIEW IN TELEGRAM
Ца лаьа теш адман, оц сийлахьчу Къуръанан охӀлунах хила?
Къуръан - иза шех тасавеллачун сий дойтуьйтуш хӀума ду!

https://www.tgoop.com/san_tibtar
Forwarded from روح
Мичахь ду и ирс, алахьа?! Мичахь ду и ирс?!
— Къуръан долчехь  ду хьуна иза! делахь а, Къуръан долчехь вай-м дац, цундела вай долчехь и ирс а дац-кх! И ду-кх адмегахь долу хьал, болуш болу бала, берриге сингаттам а...
2024/11/19 18:40:58
Back to Top
HTML Embed Code: