Notice: file_put_contents(): Write of 1116 bytes failed with errno=28 No space left on device in /var/www/tgoop/post.php on line 50

Warning: file_put_contents(): Only 12288 of 13404 bytes written, possibly out of free disk space in /var/www/tgoop/post.php on line 50
1ADAT@IADAT P.17782
IADAT Telegram 17782
This media is not supported in your browser
VIEW IN TELEGRAM
От жительницы нашего оккупированного государства (орфография и пунктуация автора сохранены):

«Ассаламу Ӏалайкум ВарахьматуЛлахӀи ВабаракатухӀу сан хьоме махкахой, со Нохчийчоьнан йахархо йу, ас со мила йу эр дац, кхерамазаллин бахьанашца. Мусаева Заремина гонаха хӀоьттинчу хьолана тӀехь терго латтош йу со.

АллахӀа цу харцонах кӀелхьара йоккхийла иза, со кхета, мел хала ду иза Заремина а цуьнан доьзална а, АллахӀа иманца собар лойла царна. «Бакъдолуш, халачу зераша яккхий ял йохьу, ткъа баккъалла а, Сийлахь-Везачу АллахӀана цхьа болу нах безаш хилча, Цо уьш зерашна кӀел латтабо, ткъа реза волчунна АллахӀ реза хилар карор ду, ткъа реза воцучунна АллахӀан оьгӀазло ловр ю».

АллахӀан Элчано (АллахӀера къинхетам а, маршо а хуьлда цунна) аьлла: «Нагахь санна шух цхьанна бехке хӀума гича, цо иза шен куьйгаца хийцадойла. Ткъа нагахь санна цуьнан куьйга дан ницкъ ца кхачахь, маттаца дан йиш яц. Ткъа нагахь санна шен маттаца цуьнан ницкъ ца кхачахь, тӀаккха шен дагца, ткъа хӀара хир ду иманан уггаре а гӀийла гучудалар».  ХӀара хьадис Муслима 49 дийцина.

ХӀора бусалба стага шега далург дан деза АллахӀ резаван. Нохчийчохь дехачу тхан кхин гӀо-накъосталла дан йиш яц. Республикел арахьа болчу сан махкахошка кхайкхам бан лаьа, тийна ма Ӏе, хӀара хӀума вайх хӀораннах а хьакхадала тарло. Ткъа вай харцонна тӀе тидам а бахийтина, вовшашна гӀортор еш хиллалц, АллахӀа вайн хьал хуьйцур дац.

АллахӀа аьлла:
 
{وَكَانَ حَقًّا عَلَيْنَا نَصْرُ الْمُؤْمِنِينَ} سورة الروم: آية 46
 
«Декхарийлахь ду Тхо муъма нахана г1о дан» («Рум» сурат, 46 аят).

Дозанал арахьа беха сан лераме махкахой, ас доьху шуьга вайн йиша Зарема дӀахецар тӀедожор. Нохчий, шайн резадацар дӀахаийта, дуьненна гайта шаьш хилар, Заремин кхолламна шаьш озабезам боций. Кадыровн зуламах лаьцна дийца, оцу АллахӀан мостагӀаша вайн халкъ муха хьийзадо гайта. вай ӀадӀийча, цара кхин дӀа а цхьацца вайн халкъ хӀаллакдийр ду.  Вай вовшашна гӀортор ца еш хилча, мила вогӀур ву вай тиранех кӀелхьардаха? Цхьа кӀеззиг нах бен ца хуьлу оцу низам дохорна дуьхьал бистхуьлуш, мичахь ду шу дисинарш?

Европехь Ӏаш болчу сайн йижаршка доьху ас, тхуна гӀо дехьара аш, кхузахь Нохчийчохь Ӏаш болчу шай йижарша а набахтехь хьийзочу Заремина а. Дехар дар Европехь зударийн митинг вовшахтохар.

Вайх цхьа бахьан хилла вай йиша Зарема цу набахти чур могуш маьрш АллахӀо ара йокхур йу аьл сатуьйсуш Ӏаш дукх вай. АллахӀо тӀаьхье беркате йойла вай.»

2️⃣ Подписаться на 1ADAT 2️⃣
Please open Telegram to view this post
VIEW IN TELEGRAM

tgoop.com/IADAT/17782
Create:
Last Update:

BY 1ADAT

Share with your friend now:
tgoop.com/IADAT/17782

View MORE
Open in Telegram

Telegram News

Date: |

As five out of seven counts were serious, Hui sentenced Ng to six years and six months in jail. Concise 6How to manage your Telegram channel? A vandalised bank during the 2019 protest. File photo: May James/HKFP. With Bitcoin down 30% in the past week, some crypto traders have taken to Telegram to “voice” their feelings.
from us

Telegram 1ADAT
FROM American