tgoop.com/Ibn_Taymiyyat/61
Create:
Last Update:
Last Update:
Имам ШафиӀийн Ӏакъидат
Ибн Таймиййата (АллахIа къинхетам бойла цунах) аьлла:
«Иштта Хьафс Фарда Къуръан кхоьллина ду аьлча, Ша́фиIис цуьнга элира: «Воккхачу АллахIаца керстаналла ди ахь». Иштта долу дош алар керстаналла хилар билгалдира Ша́фиIис цунна, амма Хьафсана муртад ву аьлла хьукма ца дира деккъа цо и дешнаш аларна, хIунда аьлча такфир дан бакъо луш долу хьужжат шена дIахIоттийна доцу дела, ткъа иза муртад шена хеташ хиллехь-м, иза вейтина хир ма вара цо».
[Мажму́Iул-фата́ва́, агIо: 23/349]
-Цхьаболчара-м Ибн Таймиййат нийса ца кхетта Имам Ахьмадан Iакъидатах олу, ткъа Имам Ша́фиIий хьенан Iакъидатах нийса ца кхетта те?! Я Имам Ша́фиIий а хилла те муржиIхо?!
https://tlgg.ru/Ibn_Taymiyyat
BY Ибн Таймиййат
Share with your friend now:
tgoop.com/Ibn_Taymiyyat/61