Telegram Web
Беркат дlадалар

Шайх Мухьаммад Хьасса́на (АллахIа Iалашвойла иза) боху:

«Хенаца долу беркат дIадалар а ду къинош бахьана долуш, Iесалла бахьана долуш, рицкъанах долу беркат дIадалар а ду къинош а, Iесалла бахьана долуш, рицкъ кlезга хилар а ду къинош а, Iесалла бахьана долуш».
 
[Хьехам: А́са́руз-зуну́би вал-маIа́си́]
https://www.tgoop.com/Shayh_Muhammad_Hassan
Къиноша - ниIматаш дIадоху

Шайх Мухьаммад Хьасса́на (АллахIа Iалашвойла иза) боху:

«Къиноша - ниIматаш дIадоху, Iазапаш тIедохьу, беркат дIадоккху».
 
[Хьехам: А́са́руз-зуну́би вал-маIа́си́]
https://www.tgoop.com/Shayh_Muhammad_Hassan
Цецбуьйлу-кх уьш

Шайх Мухьаммад Хьасса́на (АллахIа Iалашвойла иза) боху:

«Со цецволу-кх цхьана АллахIна муьтIахь волчунна рицкъанехь шорто йича цецбуьйлучех, цецбуьйлу-кх уьш! Амма цец ца бовлу уьш Лекха-Сийлахь волчу вайн Дала цхьана Iесачунна, я цхьана къиношдечунна рицкъанехь шорто йича! ХIара цакхетам хилар ду! ХIара АллахIан суннатан (законан) бIоста дерг ма ду, АллахIан суннат (закон) - Делах кхерар бахьана ду-кх рицкъ совдаларан, гIуллакх аттаче даларан, ткъа Iесалла а, боьхалла а бахьана ду-кх гIуллакх холче даларан, рицкъанехь гатто хиларан, иштта ма ду низам (закон), хIара сецна лаьтташ долу АллахIан суннат (закон) ма ду, (Дала боху): «АллахIах кхийринчунна муьлххачу а хала киртигах кIелхьарволийла йийр ма ю Цо, ца моьттинчу кепара цунна рицкъ а лур ма ду». [Сурат: ТIала́къ, аят: 2-3] Цуьнан маьIна - АллахIах кхоьруш воцчунна гIуллакх халадийр ду, баланех хьалхавала некъ а карабойтур бац бохург ду».
 
[Хьехам: А́са́руз-зуну́би вал-маIа́си́]
https://www.tgoop.com/Shayh_Muhammad_Hassan
Хьан къинош ду бехке

Шайх Мухьаммад Хьасса́на (АллахIа Iалашвойла иза) боху:

«ХIай халонехь верг, рицкъанца баланехь верг, хьан къинош ду хьуна бехке дерш! ХIай Шайх, цхьа туька ас схьайоьллушехь хIара дерриг дуьне дуьхьалдолу-кх суна (хIун ду техьа иза)?! Хьан къинош ду! ХIай Шайх, со дIаваххана болу болх галболу-кх (хIун ду техьа иза)?! Хьан къинош ду! ХIай Шайх, масех шо ду-кх со итт эзар жунайхI вовшах ца тохалуш волу (хIун ду техьа иза)?! Хьан къинош ду! ХIай... дукха ду-кх иштта хаттарш, (царна жоп) хьан къинош ду... АллахIа боху: «АллахI вацара ша цхьана къомана делла долу ниIмат хуьйцуш, уьш шаьш хийцабаллалц». [Сурат: Анфа́л, аят: 53]
Хьо ма ву хийцавелларг, Далла муьтIахь хиларан некъ Iаддабитинарг хьо ма ву, хьо ма ву Iесаллин некъа тIе ваьлларг».
 
[Хьехам: А́са́руз-зуну́би вал-маIа́си́]
https://www.tgoop.com/Shayh_Muhammad_Hassan
Дерриг дуьхьал хlунда долу

Шайх Мухьаммад Хьасса́на (АллахIа Iалашвойла иза) боху:

«Дерриг хIума дуьхьал хIунда долу суна олий хоьтту. Къинош бахьана ду, КаIбан Делора ду иза Iесалла бахьана долуш!».
 
[Хьехам: А́са́руз-зуну́би вал-маIа́си́]
https://www.tgoop.com/Shayh_Muhammad_Hassan
Самукъадолийла-кх вайн!

Шайх Мухьаммад Хьасса́на (АллахIа Iалашвойла иза) боху:

«ТIебеа мархийн бутт, самукъадолийла-кх вайн!... Самукъадала хьакъ ду-кх вайна... Само елахь ас олучунна, АллахIаца доьху ас хьоьга, хIинцца хьайга аьлча, цхьа итт де я ши кIира даьлча, итт миллион доллар са ер ю хьуна, АллахIаца доьху ас хьоьга, лахахь хьайн дагчохь бакъдолу иман, хьайн тешаран марзо, ши кIира даьлча итт миллион доллар хьайна са ер ю аьлча, АллахI воцург, кхин Дела ца хиларца дуй ма буу ас, муъмин стеган самукъа ма долу мархийн бутт тIебарца, итт миллион доллар са ер ю аьлла шена кхаъ баьккхича чул а чIогIа!».
 
[Хьехам: Жа́а рамада́ну фал-нафрахь]
https://www.tgoop.com/Shayh_Muhammad_Hassan
Бусалба нехан самукъа муха дер дац ткъа хIокху совгIаташца?!

Шайх Мухьаммад Хьасса́на (АллахIа Iалашвойла иза) боху:

«Само елахь, марханаш кхобу бутт бу иза!
Буьйсанаш денйо бутт бу иза!
Къуръан доьшу бутт бу иза!
СагIанаш доху а, комаьршалла гойту а, диканаш до а бутт бу иза!
Жоьжахатих хьалхавуьту бутт бу иза!
Жоьжахатин неIарш дIакъовлу бутт бу иза!
Ялсаманин неIарш дIайоьллу бутт бу иза!
Къиношна гечдо бутт бу иза, цу баттахь дIадойу гIалаташ, цу баттахь гечдо вочу Iамалшна! Бусалба нехан самукъа муха дер дац ткъа хIокху совгIаташца?! КаIбан Делора, шена оьгIазло хилла ма ву! КаIбан Делора, дакъазваьлла ма ву хIокху кепара шен дозаллаш долу хан тIе а еъна, цул тIаьхьа мархийн бутт дIабалахь Къинхетамечо, Къинхетамбечо цунна гечдале!».
 
[Хьехам: Жа́а рамада́ну фал-нафрахь]
https://www.tgoop.com/Shayh_Muhammad_Hassan
Нехан халонех шена пайда эцар!

Шайх Мухьаммад Хьасса́на (АллахIа Iалашвойла иза) боху:

«Нехан халонех шена пайда эцар!
Халонаш, баланаш, кризис, гаттонаш тӀеяьхкича - нахалахь уггар диканаш гучубовлу, церан гӀиллакхаш а ма-дарра гуш хуьлу, ткъа оцу гӀиллакхех уггар лакхарниг ду-кх - Делах кхерарна тӀехь а, дика долчунна тӀехь а вовше гӀо дар. Оцу гӀиллакхех уггар вониг ду хьуна - нехан халонех, церан цамгарех, церан хьаштонех шена пайда эца гӀертар, хӀинца санна дерриге дуьне а цхьаьна кризисехь долчу хенахь, коронавирус яржар бахьана долуш, дуккха а нах буьйлабелла-кх нехан хьаштонех шайна пайда эца, цхьацца хӀуманаш, ца юхкуш, къайлаяьхьна, юучух, молучух, молханех, масканех, цIано яран гIирсех, церан мах хьалабаккхархьама, дагна цатам а беш, хьарам а долчу кепара».
 
[Хьехам: Тижа́рахӀ би а́ла́мин-на́с]
https://www.tgoop.com/Shayh_Muhammad_Hassan
Шайх Мухьаммад Хьассан вон хьал долуш, цомгуш ву, реанимацехь. Аллахlе доlанаш де, деха хlораммо а Шайх цу цамгарх дlацlанвар а, могуш-маьрша а волуш цlаверзор а.
Шайх Мухьаммад Хьассан нахана муха везаш ву?

https://www.tgoop.com/payhamariyn_verasash/112
Forwarded from lадлан Харачо
Аллахl стиглахь ву - Имам Абу Хьанифат

Аллахl стиглахь ву - Имам Малик

Аллахl стиглахь ву - Имам ШафиӀий

Аллахl стиглахь ву
- Имам Ахьмад

Аллахl стиглахь ву - Имам ӀабдуллахӀ ибн Мубарак

Аллахl стиглахь ву
- Имам ибн Аби ШайбахӀ

Аллахl стиглахь ву
- Имам Сабуний

Аллахl стиглахь ву
- Имам Музаний

Аллахl стиглахь ву
- Имам ТӀабарий

Аллахl стиглахь ву -
Имам Ӏимадуд-дин ВаситӀый

Аллахl стиглахь ву -
Имам Хьарб ибн ИсмаӀил Кирманий

Аллахl стиглахь ву -
Даххьак ибн Музахьим

Аллахl стиглахь ву -
Имам Исхьакъ ибн ИбрахӀим

Аллахl стиглахь ву -
Имам Хьумайдий

Аллахl стиглахь ву
- Имам Абу Ӏусма‌н Са‌буни

Аллахl стиглахь ву -
Имам Абу СаӀи‌д Да‌рими

Аллахl стиглахь ву -
Имам Ӏабдул-ГӀаний Макъдиси

Аллахl стиглахь ву -
Имам ЗахӀаби
Къуръан дитахьа, хIай боьха керста!

Нах динчуьра арабуьйлучу заманчохь, наха харцо кхуллучу заманчохь, хьайна лууш долу сурт дилла ахь, эхь ца хеташ, керстаналла дан хьайн лаамехь ву хьо, хIай суьрташ дохкург.
Нах динчуьра арабуьйлу хIара зама евзина вайна, нах Iеса буьйлу зама ю хIара, цхьаммо а инкарло ца еш.
Тилла долчу дагчохь шайтIа Iарах цец ма вала хьо, иманан чам ца хуучу дагчуьра цкъа а серло кхетар яц хьуна.
Хьайна лууш долу сурт дилла ахь, эхь ца хеташ, шадериг сийсаздаьлла хьуна.
Абу-Бакран говранех тахана кхерам бац хьуна, къонахий кхерабаларо гIелйина уьш.
Ткъа Билал! Бакъдерг дуьцуш волу Билал ву-кх маьждиг тIехь, набахтхочун туьро вист ца хуьлуьйтуш лаьтташ.
Цуьнга азан далур ду аьлла хетий хьуна, ша сецош хилча?!
Цуьнга АллахIан цIе кхайкхалур ю аьлла хетий хьун, хиндерг дуьйцучеран зуламах ца кхоьруш?!
Хьайна лууш долу сурт дилла ахь, эхь ца хеташ, керстаналла дан хьайн лаамехь ву хьо, хIай суьрташ дохкург.
Хьайна луург язде ахь, эхь ца хеташ, шадерг сийсаздаьлла хьуна.
Хьой харцо йийцина ваьлча, цхьана дийнахь дийцахьа соьга, хIай суьрташ дохкург, хIара ю иза адамийн бакъо?!
Бусалба динца ахь гамо лелаяр?!
Къуръанах ахь цIетасар?!
АллахIна дукхавезачух хьо кхардар?!
Хьайна лууш долу сурт дилла ахь, эхь ца хеташ, керстаналла дан хьайн лаамехь ву хьо, хIай суьрташ дохкург.
Маьждиган неI йитахьа, хIай боьха керста!
Къуръан дитахьа, хIай боьха керста!
Пайхамар витахьа, хIай боьха керста!
Хьайн жаIаршна юккъехь кхаьрдаш Iе хьо, хьо волче кхочур ду хьуна Абу-Бакран аз, цо Халиде шайтIанан корта баккха олуш!
Ткъа Мухьаммадан цIе лаьттар йолуш ю хьуна хIара дуьне мел лаьтта!
АллахIан дош лакхадер ду хьуна, массо хенахь а, массо меттехь а!

Шайх Мухьаммад Хьасса‌на (АллахIа Iалашвойла иза)

[Хьехам: Илла‌ расулуллахI]
https://www.tgoop.com/Shayh_Muhammad_Hassan
Элчанан меттиг цахаар!

Шайх Мухьаммад Хьасса‌на (АллахIа Iалашвойла иза) боху:

«КӀоршамалла хета суна, шарчохь цхьазза АллахӀан Элча (саллаллахӀу ӀалайхӀи ва саллам) вазвеш де хаьржина лелар! Цхьаверг цецвер ву ас иштта аьлча, ас юха а боху-кх, кӀоршамалла ю-кх, хаа ма-беззара АллахӀан Элчанан (саллаллахӀу ӀалайхӀи ва саллам) меттиг цахаар а ду-кх, АллахӀан Элча (саллаллахӀу ӀалайхӀи ва саллам) вазвеш шарчохь цхьа де хаьржина Ӏар! ХӀай сан ваша, бусалба стагана гергахь АллахӀан Элчанан (саллаллахӀу ӀалайхӀи ва саллам) меттиг, шен дахарехь ша доьӀуш долчу синан барамехь иза вазвар хила дезаш ма ду, хӀунда аьлча иза жоьжахатих хьалхавалар бахьана и Элча долан дела! Ткъа вайна девзуш долу, наха лелош долчу кепара Элча винчу денца вазвар АллахӀана гергавуьгуш хӀума делхьара, АллахӀан Элчанна дезаш хӀума и делхьара, уггар цу хӀуманна хьакъ болчу наха, цу Элчанна уггар уллера хиллачу наха, АллахӀан Элчанна уггар дукхабезаш хиллачу наха лелийна хир ма дара иза, асхьабаш бу-кх уьш!».

[Шархь усу‌лус-сала‌сахӀ, дарс: 7]
https://www.tgoop.com/Shayh_Muhammad_Hassan
Шена хетарг

Шайх Мухьаммад Хьасса‌на (АллахIа Iалашвойла иза) боху:

«Суна цхьана хетарг ду нийса дерг олу, шена хетарг АллахӀера доссийна Къуръан долуш санна. ХӀай сан ваша, хьан кхетам Делера хаам ма бац! Къуръанах, хьадисах болу сан кхетам а Делера хаам ма бац, хьо а иштта кхета веза цунах аьлла ас хьуна тӀедожадаллал! Ткъа Къуръанах, хьадисах болчу кхетамехь сан кхетам хьайчух тера ца беънера аьлла ас сайн дин доьхкина ахь муха эр ду?! Сонталла ма ю хӀара!

[Видео: Мата‌ бакан-набиййу]
https://www.tgoop.com/Shayh_Muhammad_Hassan
Please open Telegram to view this post
VIEW IN TELEGRAM
2025/02/26 18:56:18
Back to Top
HTML Embed Code: