VRAGI_IBLISA Telegram 2983
1429-гӀа Хаттар: Ассаламу Ӏалайкум.
Мадинатехь ДжамиӀатул исламиййахӀ ю дика я Рияд ю? Къуръан дешар доцург кхин хӀумма а хууш ца хилча ваха мегар ду аьлла хетий хьуна?

Жоп: ВаӀалайкумуссаламу варахьматуллахӀи ва баракатухӀ!
Кху дуьнен тӀехь миччахь елахь башхалла яц, институт, университет боху меттигашкара Ӏилма схьаоьцуш дац, башхалла яц, ерриге а цхьатерра ю, и меттигаш ерриге кехат эца, я прописка эца дӀахӀуттуш меттигаш ю. Ткъа Ӏилма маьждиг чу вахана, Ӏеламстеган шина кога буха охьахиина схьаэца дезаш ду, иштта эцнарг бен Ӏилма дац, кхиерг ерриге цӀе ю, Ӏилма дац! ХӀара бусалба дин доладелчхьана цу Ӏилманан долу низам иштта ду, тахана иза вай хийца гӀертарх цкъа а хийцалур доцуш! И хийца гӀертий вайх цхьаболчара шайн кхетамаш хуьйцу, нах Ӏехош, цхьа университет йоккхий, со дешна вели олий, цӀа воьдий нахана хьалха воккха Ӏеламстаг хуьлий гӀурт кего охьахуу, и ду тахана вайна бале даьлларг! Ӏилма схьаоьцуш меттиг «Ӏеламнах» бу, маьждига чу а вахана. Цхьаволчо ала тарло, Ӏилма оьцу меттиг яц аьлча цигахь шортта Ӏилма, пайда ма бу аьлла, бу дера, ас ма ца боху бац, пайда-м Ӏарбойн махкахь берийн беше хӀоттахь хир бу, кхузахь динца йолу берийн беше лелош долу берана масийтта шарахь дешначунна цахуург хаьа. ТӀаккха Ӏилма Ӏамо Мисрехь берийн бешахь деша алий вай?! Ӏилма цхьа хӀума ду, амма цхьацца пайданаш хилар, довзар, жимма Ӏилманах дерг довзар, динах дерг довзар, иза кхин хӀума ду. Пайда хир бу, дукха дика программа ю Мадинат институтехь, амма ахь и мел чӀогӀа дика яккхахь а, 4 шарахь масала, 4 шарахь Ӏеламстагана хьалха хийшинарг санна цкъа а хир вац! Хила йиш яц мел чӀогӀа ву баьхча а! Цу хӀуманах кхета деза, цу Ӏилманан, и Ӏилма схьаэцаран шен некъаш, шен меттигаш бу, хӀинццалц кху уммато оьцучу кепара ахь и схьа ца эцча кхача везаш йолчу Ӏалашоне ца кхочу хьо, цул галдаьлларг, хьуо Ӏехало хьо цу Ӏалашоне кхаьчна моьттуш. Цундела хьо мичча вахча а, пропискана цхьанхьа дӀахӀотта деза хьан, иштта йоккхуш йолчу ханчохь цхьаъ яьккхина аьлла кехат хиларх новкъа ма даций хьуна, и ший а кхочушдан цхьанхьа, бен яц, миччанхьа дӀахӀутту хьо, амма Ӏилма Ӏеламнахера схьаоьцу ахь. Хьо хьажа везаш дерг, мичча вахча а, алссам Ӏеламнахана тӀекхочийла хир долче хьажа веза хьо, Ӏеламнахера Ӏилма схьа алссам эца, царна алссам тӀекхочийла йолу меттиг хаьржина цига хӀотта, институте, башхалла яц хьуна меттиг муьлхха хилча а. Институте, ас лакхахь ма-аллара, пропискана, хилахь кехат новкъа дац-кх аьллий бен оьшуш яц хьуна. Ткъа Къуръан деший бен хууш ца хилча ваха мегар ду дера, Ӏамо воьдуш ма ву хьо, шадерг хууш хилча-м ахь хӀун до цига вахана.

https://www.tgoop.com/Vragi_iblisa

tgoop.com/Vragi_iblisa/2983
Create:
Last Update:

BY Враги Иблиса

Share with your friend now:
tgoop.com/Vragi_iblisa/2983

View MORE
Open in Telegram

Telegram News

Date: |

Matt Hussey, editorial director at NEAR Protocol also responded to this news with “#meIRL”. Just as you search “Bear Market Screaming” in Telegram, you will see a Pepe frog yelling as the group’s featured image. Telegram channels fall into two types: As the broader market downturn continues, yelling online has become the crypto trader’s latest coping mechanism after the rise of Goblintown Ethereum NFTs at the end of May and beginning of June, where holders made incoherent groaning sounds and role-played as urine-loving goblin creatures in late-night Twitter Spaces. Healing through screaming therapy best-secure-messaging-apps-shutterstock-1892950018.jpg
from us

Telegram Враги Иблиса
FROM American