ADLAN_HARACHO Telegram 2780
​​МуӀа‌вийат ибн Хьакам Суламис (АллахӀ реза хуьйла цунна) дуьйцу, цо боху: «Сан цхьа лай яра Ухьуд а, ЖавванийахӀ а олучу меттигашкахула жа дажош, тӀаккха цхьана дийнахь цига вахча, барзо жа юккъера уьстагӀ баьхьинче тӀекхечира со, ткъа со адам ма дай, нах санна оьгIаза а воьдуш, делахь а, цкъа туьйхира ас цунна, тӀаккха АллахӀан Элчанна (саллаллахӏу ӀалайхӀи ва саллам) тӀевахара со. Цо чӀогӀа даздира ас динарг, ас элира: «ХӀай АллахӀан Элча, маьрша йитий ас и?». Элчано элира: «Цкъа суна тӀе ялае иза». ТӀаккха иза Элчанна тӀе йигира ас. Цо хаьттира цуьнга: «АллахӀ мичахь ву?», - аьлла. Цо жоп делира: «Стиглахь ву». Юха а хаьттира цо: «Со мила ву?». Цо жоп делира: «Хьо АллахӀан Элча ву». ТӀаккха Элчано элира: «Маьрша йита иза, муъмин стаг ю иза». [Сахьи‌хь: Муслим: 537]

ХӀижрин 748-гӀа шарахь кхелхина волчу, Ша‌фиӀин мазхӀабера волчу Имам ЗахӀабис (АллахӀа къинхетам бойла цунах) боху: «ХӀара хьадис сахьихь ду, Муслима а, Абу Да‌вуда а, Наса‌ис а, иштта дуккха а имамаш шайн жайнашкахь далийна ду иза, ша схьа ма-дарра Ӏаддадуьту цара иза, цунах лууш дерг хӀара ду, кхин ду ца бохуш, я цуьнан маьӀна хийца а ца хуьйцуш. Иштта гина-кх вайна АллахӀ мичахь ву аьлла шега мел хаьттиначо шен амалца долчуьнца жоп даларе сихо еш, ша олуш: «Стиглахь ву-кх».

Ткъа кху хьадисехь ши хӀума ду:

Дуьххьара дерг - АллахӀ мичахь ву аьлла хаттар дан мегаш хилар.
ШозлагӀа дерг - шега и хаьттиначо жоп далар: «Стиглахь ву-кх», - аьлла.

Ткъа хӀара ши хӀума мегар дац бохуш инкарло еш верг, Пайхамарна (саллаллахӏу ӀалайхӀи ва саллам) инкарло еш ву хьуна».

[Ӏулувву, агӀо: 81]

#АллахӀ_стиглахь_ву
https://www.tgoop.com/adlan_haracho

tgoop.com/adlan_haracho/2780
Create:
Last Update:

BY lадлан Харачо

Share with your friend now:
tgoop.com/adlan_haracho/2780

View MORE
Open in Telegram

Telegram News

Date: |

The main design elements of your Telegram channel include a name, bio (brief description), and avatar. Your bio should be: In the next window, choose the type of your channel. If you want your channel to be public, you need to develop a link for it. In the screenshot below, it’s ”/catmarketing.” If your selected link is unavailable, you’ll need to suggest another option. Ng, who had pleaded not guilty to all charges, had been detained for more than 20 months. His channel was said to have contained around 120 messages and photos that incited others to vandalise pro-government shops and commit criminal damage targeting police stations. Members can post their voice notes of themselves screaming. Interestingly, the group doesn’t allow to post anything else which might lead to an instant ban. As of now, there are more than 330 members in the group. In 2018, Telegram’s audience reached 200 million people, with 500,000 new users joining the messenger every day. It was launched for iOS on 14 August 2013 and Android on 20 October 2013.
from us

Telegram lадлан Харачо
FROM American