ADLAN_HARACHO Telegram 2789
​​МуӀа‌вийат ибн Хьакам Суламис (АллахӀ реза хуьйла цунна) дуьйцу, цо боху: «Сан цхьа лай яра Ухьуд а, ЖавванийахӀ а олучу меттигашкахула жа дажош, тӀаккха цхьана дийнахь цига вахча, барзо жа юккъера уьстагӀ баьхьинче тӀекхечира со, ткъа со адам ма дай, нах санна оьгIаза а воьдуш, делахь а, цкъа туьйхира ас цунна, тӀаккха АллахӀан Элчанна (саллаллахӏу ӀалайхӀи ва саллам) тӀевахара со. Цо чӀогӀа даздира ас динарг, ас элира: «ХӀай АллахӀан Элча, маьрша йитий ас и?». Элчано элира: «Цкъа суна тӀе ялае иза». ТӀаккха иза Элчанна тӀе йигира ас. Цо хаьттира цуьнга: «АллахӀ мичахь ву?», - аьлла. Цо жоп делира: «Стиглахь ву». Юха а хаьттира цо: «Со мила ву?». Цо жоп делира: «Хьо АллахӀан Элча ву». ТӀаккха Элчано элира: «Маьрша йита иза, муъмин стаг ю иза». [Сахьи‌хь: Муслим: 537]

ХӀижрин 425-гӀа шарахь кхелхина волчу, Ша‌фиӀин мазхӀабера волчу Имам Абу Ӏусма‌н Са‌бунис (АллахӀа къинхетам бойла цунах) боху: «Ша‌фиIис (АллахIа къинхетам бойла цунах) оцу хьадисаца далил лаьцна... Ша тешаш хиларна, ЦIена волу АллахI Шен кхолламна тIехула хиларх, ворхIе стигална тIехула, Шен Iарш тIехь, иза иштта ахIлус-суннахI вал-жамаIахI болчу бусалба нехан деган тешам а ма-хиллара, церах хьалха дIабаханчеран а, тIаьхьа тIебаьхкиначеран а».

[Iакъи‌датус-салаф ва асхьа‌бил-хьади‌с, агIо: 32]

#АллахӀ_стиглахь_ву
https://www.tgoop.com/adlan_haracho

tgoop.com/adlan_haracho/2789
Create:
Last Update:

BY lадлан Харачо

Share with your friend now:
tgoop.com/adlan_haracho/2789

View MORE
Open in Telegram

Telegram News

Date: |

In the “Bear Market Screaming Therapy Group” on Telegram, members are only allowed to post voice notes of themselves screaming. Anything else will result in an instant ban from the group, which currently has about 75 members. The main design elements of your Telegram channel include a name, bio (brief description), and avatar. Your bio should be: “[The defendant] could not shift his criminal liability,” Hui said. End-to-end encryption is an important feature in messaging, as it's the first step in protecting users from surveillance. 5Telegram Channel avatar size/dimensions
from us

Telegram lадлан Харачо
FROM American