tgoop.com/momsarr/5940
Last Update:
Гӏаззехьа тӏом сацош барт беш хӏитттийна бехкамаш юккъахь дар цара вовше лаьцна нах дӏа хоьцура бу аьлла, бусулба наха лаьцначарна юккъахь жугтийн эскарх долу и цхьа зударий маймалш а дара. Иштта цхьана видео тӏехь гуш цара и маймалш дӏа хоьцуш и цхьа лаьхьа хьамас юкъара къонахчунна боьлуш, ткъа и къонах цуьна дӏа а ца хьожуш. Церан бела дог доху, йийсарехь хиллехь а гӏело ца яллийна цаьргахь. Бусулба дино хьоьхуш ду йийсархочуьнца дика хилар.
И видео йа сурт ца гуш цхьа а висана хир вац. Ур-атталла Кувайтера цхьа хьехамчас байт а йазйина цу хилчух лаьцна:
وغــضَّ الطــرف عـنها إذ رآهـا
تمـــرُّ بقــربـهِ مـــرَّ الغــــزالِ
Шен бӏаьрса охьатаӏийра цо иза шен гича.
Цунна уллехула тӏех йелира иза курасай санна.
وقـد بسمت فلم يعـبأ فقالت
عفــيفٌ همُّــــهُ خوضُ القتالِ
Йелакъежира иза, делахь а цо тергал ца йира иза, цо (зудчо) элира:
Ма цӏена стаг ву иза! Цуьнан бериг лаам тӏом бар бу-кх.
رجــالٌ ليـس مثـــلهم رجــالٌ
بهم هِممُ النفوس كما الجبالِ
Къонахий бу уьш, шаьш саннарш кхин боцуш.
Церан ӏалашонаш лаьмнаш санна йаккхий йу-кх.
Ала луург: и къонаха-м хаза вийцанера цо, амма и маймалан ма сий ди-кх цо...
Кхул тӏехь шех курасай (газель) аьлла йолу хӏоранна а цхьа дукха ирча ӏоттар йу-кх иза.. Нагахь санна цо сан цхьан накъостер хилла йолу санна мекха йоьлла вовшах йала йоллуш гӏаскхийн газель машен ца йийцахь)
#адабиййаат
BY MOMSAR
![](https://photo2.tgoop.com/u/cdn4.cdn-telegram.org/file/r5o7xbtjga-hZyY5jySNXDeksqC8i8unTW2BmqD6zgAN6eqvManFuW1Ee2rrElVYyab3gqSwM-KinbTRVzcseBaPs7T_JdrxXZbaoOunidhV_w702R3kM34gv77_3D_6CpqGpl--8pmUSI0sq-zfboOdFrJi-VEbW5K_ELfamb0jWeaT_isTqjjdaBU99yAPQIBF3z0HMXKT9FJBHnuMQGNBx6yIRtsEukavNIxSq6jPFhlikg_iukTtCscpZo0GdDQDiy5yJsMGl_Va4o5Ul0Gly2fPQLnS6SepM_xx2oouiznud-qvNOGysXCkWiBYS1p3pH6NYc-nLuJHjtlUvw.jpg)
Share with your friend now:
tgoop.com/momsarr/5940