tgoop.com/tovbecan/1039
Last Update:
Дáла гечдойла вайн беллачарна, Дáла дéкъал бойла уьш, Дала Шен къинхетам бойла церах. Халонаш лайначарна Дáла уьш массо вóчух цIанбеш хуьлийтийла.
Вайнехан исторехь уггар хала хIума хилла махках дáхар, уггар боккха бáла хилла. Вай, Дала мукъа лахь, и бáла лайна болу вайн дай, наной, дедай, денаной, ненадай, ненаной санна, дуьненан халонашна, бáланашна хьалха доха ца духуш, йа Дела вицвеш долчу дуьненан дáхаре Iéха ца дойтуш, хáлонаш а даим йоций хууш, атталлаш а даим йоций хууш, вайл хьалха хилларш санна Дéлан лайш хилла чекхдовла гIоьртар ду хIокху дáхарх, Дала мукъа лахь.
«Беркате ву паччахьалла Шен керахь дерг; массо хIуманна тIехь ницкъ кхочуш а ву Иза. Iожалла а, дáхар а кхоьллинарг ву Иза, шух Iамал гIóлий хьан йо хьожуш шу зерхьама; нуьцкъала а, гечдеш верг а ву Иза».
(Сурат «Ал-Мулк», 1-2 айат).
BY товбецан

Share with your friend now:
tgoop.com/tovbecan/1039