tgoop.com/Shayh_Muhammad_Hassan/44
Last Update:
Нехан халонех шена пайда эцар!
Шайх Мухьаммад Хьасса́на (АллахIа Iалашвойла иза) боху:
«Нехан халонех шена пайда эцар!
Халонаш, баланаш, кризис, гаттонаш тӀеяьхкича - нахалахь уггар диканаш гучубовлу, церан гӀиллакхаш а ма-дарра гуш хуьлу, ткъа оцу гӀиллакхех уггар лакхарниг ду-кх - Делах кхерарна тӀехь а, дика долчунна тӀехь а вовше гӀо дар. Оцу гӀиллакхех уггар вониг ду хьуна - нехан халонех, церан цамгарех, церан хьаштонех шена пайда эца гӀертар, хӀинца санна дерриге дуьне а цхьаьна кризисехь долчу хенахь, коронавирус яржар бахьана долуш, дуккха а нах буьйлабелла-кх нехан хьаштонех шайна пайда эца, цхьацца хӀуманаш, ца юхкуш, къайлаяьхьна, юучух, молучух, молханех, масканех, цIано яран гIирсех, церан мах хьалабаккхархьама, дагна цатам а беш, хьарам а долчу кепара».
[Хьехам: Тижа́рахӀ би а́ла́мин-на́с]
https://www.tgoop.com/Shayh_Muhammad_Hassan
BY Шайх Мухьаммад Хьассан
Share with your friend now:
tgoop.com/Shayh_Muhammad_Hassan/44