tgoop.com/Shayh_Muhammad_Hassan/73
Last Update:
Элчанан меттиг цахаар!
Шайх Мухьаммад Хьассана (АллахIа Iалашвойла иза) боху:
«КӀоршамалла хета суна, шарчохь цхьазза АллахӀан Элча (саллаллахӀу ӀалайхӀи ва саллам) вазвеш де хаьржина лелар! Цхьаверг цецвер ву ас иштта аьлча, ас юха а боху-кх, кӀоршамалла ю-кх, хаа ма-беззара АллахӀан Элчанан (саллаллахӀу ӀалайхӀи ва саллам) меттиг цахаар а ду-кх, АллахӀан Элча (саллаллахӀу ӀалайхӀи ва саллам) вазвеш шарчохь цхьа де хаьржина Ӏар! ХӀай сан ваша, бусалба стагана гергахь АллахӀан Элчанан (саллаллахӀу ӀалайхӀи ва саллам) меттиг, шен дахарехь ша доьӀуш долчу синан барамехь иза вазвар хила дезаш ма ду, хӀунда аьлча иза жоьжахатих хьалхавалар бахьана и Элча долан дела! Ткъа вайна девзуш долу, наха лелош долчу кепара Элча винчу денца вазвар АллахӀана гергавуьгуш хӀума делхьара, АллахӀан Элчанна дезаш хӀума и делхьара, уггар цу хӀуманна хьакъ болчу наха, цу Элчанна уггар уллера хиллачу наха, АллахӀан Элчанна уггар дукхабезаш хиллачу наха лелийна хир ма дара иза, асхьабаш бу-кх уьш!».
[Шархь усулус-саласахӀ, дарс: 7]
https://www.tgoop.com/Shayh_Muhammad_Hassan
BY Шайх Мухьаммад Хьассан
Share with your friend now:
tgoop.com/Shayh_Muhammad_Hassan/73