tgoop.com/payhamariyn_verasash/399
Last Update:
Гlурба дуьш ала дезарг
46-гӀа Хаттар: Ассаламу Iалайкум.
ГIурбан дийнахь дийнатна урс хьокхуш ала деза дешнаш довзийтича доккха вошалла хир дара.
Жоп: ВаIалайкумуссаламу варахьматуллахIи ва баракатухI!
ГIурбана юьш йолчу хIуманна урс ша хьакхар ду деза дерг, ткъа ша урс хьокхучу хенахь ала дезарг - «БисмиллахI, АллахIу акбар, хIара суна а, сан доьзална а тIера ду-кх», - эр ду. Кхин сов цхьа а хIума эр дац, кхин сов мел лелош дерг бидIат ду, доIанаш дар, такбираш дар и дерриге цхьа а бух болуш хIуманаш дац, лело оьшуш хIуманаш а дац, мелхо, лелор дика доцу хIуманаш ду, кхин сов дерг лелор, алар дика хиллехь Пайхамара а, цуьнан асхьабаша а лелийна хир дара шаьш гIурба дуьш, аьлла а хир дара. Амма урс кхечуьнга хьокхуьйтуш делахь, оцу урс хьокхучо эр ду - «БисмиллахI, АллахIу акбар, хIара хьенехана а, цуьнан доьзална а тIера ду-кх».
#коьрта_хаттарш
BY Iилманан дозалла

Share with your friend now:
tgoop.com/payhamariyn_verasash/399