tgoop.com/payhamariyn_verasash/437
Last Update:
1449-гӀа Хаттар: Ассаламу Ӏалайкум.
Ӏеламнахана такфир деш волчу стаге ладогӀа мегий? Цуьнан хьехамашка ладогӀа мегий?
Жоп: ВаӀалайкумуссаламу варахьматуллахӀи ва баракатухӀ!
Ӏеламнехан хьокъехь реза воцуш дош багара долуш волчу стагана геннахула бен тӀех ца волуш генахь латто веза! Ӏеламнехан хьокъехь вон ойла ерг а кхераме стаг ву хаза нехан санна. Ӏеламнахана такфир дар-м дуьйцур дац. Ткъа хьехам бар бохург, хьехам ца хуьлу «алхамдулиллахӀи раббил Ӏаламийн» аьлла дӀаволавелла шена луург дийцича, цунах хьехам ца олу, тахана мода хилла цу хӀуманах! Бага еттар олу цунах, Ӏеламнахана лен а луьш, Ӏеламнахана такфир деш хьехам муха бо?! Иштта хӀума хуьлуш ма ца хуьлу! Хьехам, мелхо, такфир ма де, кхидерг ма де, вон дерг ма де бохуш хила безаш бу. Ткъа и инкарло ян дезаш долу хӀума ша деш волчуьнга ла муха дугӀур ду?! И ву мелхо а, шена наха хьехар дан дезаш стаг!
https://www.tgoop.com/Vragi_iblisa
BY Iилманан дозалла
Share with your friend now:
tgoop.com/payhamariyn_verasash/437